ши жимастаг. Кхузара дӏа гена го Ведана хьала а, охьа а лела некъахой. Шинна хьалха тӏулган чӏопачу экъан тӏе охьайехкина йу йохийна сискалан ах а, нехчин межарг а, цӏен ши хох а, бехчалга йуккъе хьарчийна гӏоргӏа туьха а, кхийран жимачу чӏижалга чохь хи а. И шиъ сутара тасавелла оцу бекъачу кхачанах. Цаьршиннан мацваларе хьаьжча, и шиъ кхузахь волу дикка хан йу. Кхача бууш велахь а, цаьршиммо сих-сиха бӏаьрг туху Веданара охьабогӏучу новкъа. Геннахь ворда, гӏудалкх гучуйаьлча, бӏаьргаш тӏе турмал а лоций, хьожу.
Шинна а улло охьайехкина пхоьазза йолу карабинаш йу. Некха тӏехула морзахйохуш тийсина патармийн гӏаьпнаш а, хаьн тӏехь тапчанаш а, шишша бомба а йу, детица кхелина шаьлтанаш а йу.
И ши жима стаг цхьана хенара велахь а, цхьаъ воккха хета. Дикка хенахь урс хьакхадалаза корта а, маж-мекх а дахделла цуьнан, цара хенал воккха хоьтуьйту иза. Цунна тӏехь тужурки тӏехула дуьйхина нохчийн чоа а, коьртахь кхакханан месала куй а, когахь чухула маьхьсеш йуьйхина неӏармачаш а йу.
Шолгӏачун маж цӏена йаьшна, амма хаза тодина месала мекхаш ду. Цуьнан коьртахь лохочу кепехь бина боьмашчу басахь холхазан куй бу, ткъа дисина духар йевропахойн ду. Хьалхарчун йехо йуьхь а, аьрзун зӏакарх тера хьаьвзина, дукъ тӏедаьлла боккха мара белахь а, шолгӏачун цӏен бос бетталуш, горга кӏайн йуьхь йу. Йуьхь-сибат а, васташ а хаза, дегӏ куьце ду цуьнан, тӏе мехкарийн духар дуьйхича, хазачу йоӏах а тарлур волуш. Хьалхарниг хабаре ву, ткъа шолгӏаниг наггахь бен вист ца хуьлу, ша вистхуьлуш а йуьхь цӏийло цуьнан.
И шиъ Йоккхачу Атагӏара ву. Шолгӏаниг Тӏамин Аюб ву, Зеламхин уггар тешаме накъост. Цунна дика оьрсийн мотт а, йоза-дешар а хаьа, цундела Зеламхин писар ву иза. Дуткъачу, элдарчу дегӏара эсала Аюб майра а, оьзда а, доьналле а кӏант ву.
– ӏуьйрре дуьйна кхузахь хиъна ӏийна, дегӏ тхьусдоьлла-кх сан, – элира мажйаьллачо, чӏижалг хьала а лаьцна, хих масех къурд а бина. – Бедарш а тӏунъелла. Ткъа вайша ларбийраш гучубовлуш а бац. Хӏинца а ца баьхкина, уьш маца богӏур бу, Аюб?
– Маьркӏажан хан хиллалц ладогӏа деза вайша.
– И вайша кӏелхьарваккха везарг ван мукъана а мила ву?
– Ца хаьа суна.
– Мичара ву иза?
– Ца хаьа.
– Хӏета, сох