Иштт а, дӏадаханчу бӏешарахь, 1825–1877-чуй шерашкахь, доьазза айъира нохчийн халкъ махкахдаккхар. И идея хӏинца а кортошкахь лелайора хӏокху Кавказерчу ӏедалхоша а, Петарбухехь а. Иза кхочушхилча хазахетар долуш бара хӏокху гуламан дакъалацархой а, областера гӏалагӏазкхий а. Амма оцу бӏагӏарчу атамана санна, шайн дагахьдерг даррехь схьаала ца хӏуьттура уьш.
Областера зуламаш совцо гӏалагӏазкхийн атамана гайтина некъ ца магош йа къобалбеш, цхьа а вист ца хуьлуш, чохь тийналла хӏоьттича, Ахвердов хьалагӏеттира. Дагахь иза ша а чӏогӏа реза вара нохчий хӏокху махкара дӏакхалхорна. Амма хьекъалечу, мекарчу, зуламе тӏаьхье хир йолчу дашах а, гӏуллакхах а ларлуш волчу цунна ца лаьара и политически ӏаламат доккхачу маьӏне а, жоьпалле а гӏуллакх, ша председателан меттиг дӏалаьцна а волуш, хӏокху гуламехь дийцаре дан.
– Господин атаман, кху чохь гулбелларш пачхьалкхан а, политикин а, тӏеман а деятельш бац ахь балийна некъ бийцаре бан а, тӏеэца а, иза, Цуьнан воккхалле императоре-м хьовха, атталла Кавказан наместнике дӏахьебан а бакъо йолуш. Тхо, промышленникаш, совдегарш, лаьттан долахой, дохнан долахой ду. Дийнна халкъ махкахдаккха аьлла, сацам тӏеэцар а, иза паччахье, правительстве дӏакховдор а бегаше гӏуллакх дац, господин атаман. Кхузахь иза дийцаре динийла хиъча а, зорбано дуьне мел ду дӏасадаржор ду, кхин тӏе а детташ, тӏаккха иза эсдекашна, къаьсттана – большевикашна, ира герз хир ду вайна неӏалт кхайкхо а, и халкъ ӏедална дуьхьалдаккха а. Кхузахь вай тӏеэцна сацам кхочушбан областан администрацин бакъо йолуш а, ницкъ болуш а хила беза. Оцу дозанал дехьа гӏерта бакъо йац вайн.
Къамелаш деш барт хилира областан администрацис туземцийн хьокъехь хьалха тӏеэцна, амма дахарехь кхочушбаза бисина цхьамогӏа сацамаш хӏинца кхочушбар деха.
1859-чу шарахь, тӏом а сацош, Россица бинчу машаречу барта тӏехь къаьсттанчу пунктаца билгалдинера нохчашкахь герз дитар. Амма тӏаьхьа и герз бохаме, бале дала доьлча, мосазза а нохчашкара дӏадаккха гӏоьртира ӏедал. Дӏадаккха ницкъ ца кхаьчча, лелор дихкира. Хӏокху тӏаьхьарчу шерашкахь цхьацца йарташкарчу бахархошкара герз дӏадаккха