Оьрсийн-японийн тӏамехь дийнна рота йа батальон самурайш, камикадзеш байъинарш, йа дийна йийсаре балийнарш а бара. Полицех, йа балхахь болуш иттаннаш зуламхой лецнарш а бара. Зеламха а, цуьнан обаргийн гӏера а хӏаллакьйар йа, букъа тӏехьа куьйгаш а дихкина, схьайалор шайна хӏумма доцург ду, олура. Дерриг а дозуш хир ду ахча дукха-кӏезиг даларх. Цара дуьйцург бакъдоцийла хаьара атаманна, амма кхузахь коьртаниг уьш къиза адамаш хилар дара, ахчанах шайн да-нана а дуьйр долуш.
Михеевн пурбанца Вербицкийн наха болх бира набахтешкахь. Таллархойн отрядехь доггаха гӏуллакх дан реза болу зуламхой маьршабохура таӏзарх.
Таллархойн ханна отряд йерриг а оцу тайпачу, зуламалла цӏийх доьллачу нахах вовшахтоьхна йара аьлла, чӏагӏдар а нийса хир дацара. Дукхахберш ишттанаш белахь а, кхин масех тайпа нах а бара отрядехь гӏуллакх дан богӏуш. Баккъал а паччахьана, даймахкана доггаха гӏуллакх дан лууш богӏурш а бара. Нохчаша талораш дина, бахамах бохийнарш а, да, кӏант, ваша вийна, бекхам эца, чӏир йекха богӏурш а бара. Ресторанашкахь самукъадоккхуш, кехатех ловзуш, зударшца сакъоьруш, кисанаш дассаделларш а бара, отрядехь гӏуллакх дарца и даьсса кисанаш йуха а дузаре догдохуш. Доцца аьлча, отряде йазвелла хӏора а лаамхо кийча вара йолах нохчий байа.
Лаамхо талламах чекхваьлча, йозанца тӏелацам бойтуш, куьг йаздойтура цуьнга:
– Цуьнан императорски Воккхаллина а, Даймахкана а, гӏуллакхна а тешаме хила, зуламхошна дуьхьал къийсамехь халонашна а, кхерамашна а хьалха йуха ца вала, хьайн ницкъ а, дахар а дӏадала, айхьа йамартло йахь, тӏеман заманан законашца догӏу луьра таӏзар хьайна дайта хьо реза ву алий, кхуза куьг йаздел…
Отряде лаамхой тӏеэца Соьлжа-Гӏалара штаб лара а ца йина, Вербицкийс шен эпсарш дӏасахьовсийра Буритӏа, Несаре, Хасин-Юьрта, Ставрополе. Цигахь эпсарша къастийнарш штабехь сихха тӏеоьцура. Оцу балхо боккха аьтто бира, февраль бутт чекхболуш, дошлойн партизанийн цхьаъ а, гӏашлойн кхоъ а отрядаш йуьззина кхолла. Отрядийн командираш а, штабан начальник а, лахара эпсарш а Михеевс чӏагӏбинчул тӏаьхьа, цаьрца хьалхара кхеташо йира атамана. Йа, вуьшта аьлча, областан начальнико шена йеллачу инструкцин буха тӏехь ша хӏоттийна инструкци царна йовзийтира: