басехула охьа хьуьна чу ведира иза. Маьхьарий а детташ, цунна тӏаьхьахьаьлхира салтий. Соип хьуьна чу вуьйлира, амма дихкинчу куьйгашца гена ца валавелира. Тӏекхиъначу шина салтичо схьалецира иза. Соип когашца дуьхьало йан гӏоьртира. Амма иза гӏийла, эрна дуьхьало йара. Набахтехь йаьхначу буьйсанаша, мацалло, ойланаша гӏора эшийнера цуьнан. Шина салтичо, пхьаьрсаш лаьцна, текхош, басех хьалаваьккхира иза. Цигахь лаьтташ важа ши салти а вара. Шозза-кхузза букъах тоьпан бух а тоьхна, когаш а бихкина, айъина, гӏудалкх чу кхоьссира цара Соип…
Гӏудалкх ши бӏе гӏулч герга кхаьчча, бӏаьргашна тӏелаьцначуьра турмал дӏа а йаьккхина, Абубакаре вистхилира Аюб:
– Хьо кхузахь саца. Со царна дуьхьалволу. Ший а топ хьайгахь йита, ткъа хьайн тапча соьга схьало. Ас гӏудалкх сацийча, уьш дуьхьало йан гӏортахь, салташна а ца кхоьтуьйтуш, гӏудалкхах тоха. Говраш лаьхкина дӏабовда гӏортахь, цхьана говран настарх тоха. Нагахь уьш герзаца дуьхьало йан гӏортахь, лен волчу а ца тухуш, салташна чевнаш йан мегар ду. Амма гӏуллакх иштта гена дер дац, моьтту суна.
Аюб, тарха тӏера чу а воьссина, цхьа ах бӏе гӏулч хьала а вахана, некъа йистерчу лекхачу, стоммачу попан гӏодана тӏехьа дӏалечкъира. Гӏудалкх улло нисйелча, цунна хьалха а иккхина, говрийн архаш схьалецира цо:
– Тр-р-р! Стой! Оружи земли бросай! Руки верх!
Гӏудалкха тӏерачу унтеро буьрса мохь туьйхира:
– Мила ву хьо? Дӏавала новкъара!
– Астарожна, гаспадин унтер. Ми – абреки!
– Говраш дӏалахка! – омра дира унтера.
Торха тӏера схьа тоьпан тата делира. Цхьа говр, гӏийла терсина, гора а йахана, дӏахаьрцира. Шолгӏа йаьллачу тоьпо гӏудалкхан пенан аннах кескаш тасийтира.
Аюба Соьлжа-Гӏаларчу ишколехь шина шарахь дешнера. Шозза набахтехь а, каторгехь а хиллера. Цигахь оьрсийн мотт, йоза-дешар ӏеминера цунна. Оьрсийн мотт шена дика хаахь а, забарна санна, мухха а буьйцура цо.
– Астарожна, гаспадин унтер. Йа Аюб Тамаев. Адутант абрека Зеламхана. Кургом абреки. Вы окружен. Будешь кирчать, ружье стрелят, всех убъем. Ружье борсай земли. Харашо. Руки верх! Один-один слезай. Маладци. Ми вас убиват не будем. Зачем убиват? Зачем умират? У вас дома папаши ест,