Хьан ден ден хенара нах бу кхузахь, ткъа хьо даим а царна хьалха гӏерта. И хӏун тӏехбеттамаш бу аьшшиммо бийриш? Вовшашна тӏехтохам бан йуьхь йу шуьшиннан? Саьӏад, хьо а, Солта, хьо а, сан кӏант а, дуьненан хьолах ӏехаделла, нохчийн халкъан мостагӏчунна, оьрсийн паччахьна дохкаделла, йолах адамаш дайа тӏаме даханера. Къийвелча, мацвелча, мацалла вала воьлча, адамаш а дойуш, рицкъа даккха, боху вайга Дала? Ахчанах адам дуьйр дуй ткъа бусалбаналлин цхьа чо шен дегӏаца болчу адамо? Цул шаьш йуьртана а, къомана а эхь динийла а хууш, лергаш а таӏадай ӏе! Кхин цхьа а вист ма хилалаш кхузахь. Ӏела, ахь алал хьайна хетарг.
Ӏела, везза хьала а гӏеттина, гонна йуккъе а ваьлла, ӏасанна тӏе ши куьг а диллина, дӏахӏоьттира. Гӏайгӏано кхолийна цуьнан сийна бӏаьргаш цкъа лаьтта богӏабелира, тӏаккха меллаша нехан йаххьашна тӏехула кхерстира:
– Саьӏадан хаттарх сайна хетарг алале, цхьа масех дош ала лаьара суна. Оьрсашца тӏамехь да а, воккхахволу ваша а вийна сан. Вешин хӏетахь пхийтта шо дара. Тӏамах бевдда, орца баханчохь нана а, йиша а йийра. Вешин Аьрзун йалхитта, сан дейтта шо долуш, ден а, ненан а, вешин а, йишин а чӏир йекха, оьрсех бекхам эца тӏаме вахара тхоьша. Йалхитта шарахь тӏом бира охашиммо. Дийна бисинчу эзарнаш нохчийн санна, оцу тӏамехь хиллачу чевнийн моьнаш ду сан дегӏа тӏехь. Оьрсийн паччахьо махкахбаьхна, Хонкара баханчу нахаца цига вахана, даймахка цӏа гӏоьртинчу нахаца туркойн-оьрсийн дозане кхаьчча, цигахь туркоша вийра сан ваша Аьрзу. Даймахка цӏа вирзинчул тӏаьхьа, ӏедало лаьцна, Сибрех вахийтина со, цигахь ткъе берхӏитта шо хан а йаьккхина, диъ шо хьалха цӏа веана. Со Сибрех воьдуш, цӏахь ши кӏант вара сан, цӏа веача, воккхахверг ца карийра суна. Иза а тӏаьххьара нохчийн гӏаттам болуш оьрсаша вийнера. Тхан доьзалера йалх адам дийна оьрсаша, махках а ваьккхина, соьга ткъе берхӏитта шо хан йаккхийтина. Дуьненан жоьжахатехь ткъе берхӏитта шо хан йаьккхина ас. Оьрсийн халкъера хьал суна девзина. Вайга гӏоьрттуш ӏазапехь, лоллехь, къен-миска доллу иза. Сан мостагӏ оьрсийн паччахь а, ӏедал а, хьолахой а бу. Уьш бу сан да-нана а, йиша а, вежарий а, кӏант а байарна, нохчийн халкъана хиллачу