Нагахь санна изза йамартло йан Вербицкий гӏертахь, чекхйер йоцийла а хаийта. Лата меттиг а, хан а йилла, боху цо соьга. Сан жоп цуьнга дӏакхаьчначул тӏаьхьа хӏора оршотдийнахь делккъалц ас иза ларвийр ву Веданна кхо чаккхарма генахь, хьуьнхарчу ирзохь. Цхьана баттахь ларвийр ву. Дудниковна хаьа, и ирзо мичахь ду. Дудниковс гойтур ду цунна и ирзо. Цигахь къастор ду, ала, тхойшиннах кӏилло баба муьлха йу. Ас вуьйр вац иза цигахь. Тӏера шарбал а йаьккхина, ваӏа а ваьӏна, дӏахоьцур ву! Ша дуьнен чохь йоккхучу хенахь шеца и эхь лело!
Зеламхина луург оьздачу гӏиллакхехь дерриг дӏа а йаздина, кехат конверта чу а диллина, тӏехула «Терк» газетан адрес йаздира Деналбека.
– Хӏара кхана почте дӏалур ду ас, – элира цо. – Лама газете дӏакхочур ду. Газетехь болх беш суна бевзаш накъостий бу. Хӏара газет тӏехь зорба тохар доьхуш, цаьрга кехат а йаздийр ду ас. Амма, Зеламха, и атаман хьох лата вогӏур вац.
Цецваьлла Зеламха, къаьрззана Деналбеке хьаьжира.
– Ой, хӏунда ца вогӏу? Цо газет тӏехь аьлла дош?
– Вайца бинчу бартах а, деллачу дашах а бохар цара цхьана а хьесапе ма ца лору. Царна адамаш ма ца хета вай. Церан хьесапехь вай туземцаш, разбойникаш, акха адамаш ду.
– Ткъа газет тӏехь соьга и кхайкхам хӏунда бина оцу зуьдо?
– Ша зуд долу дела. Уггар хьалха – хьо сийсазван, бехван, адамийн хьох безам баккха, цабезам кхолла. Шолгӏа, ӏедална а, адамашна а хьалха ша майра стаг, къонах хила, шен цӏе хастаме йаккхийта. Кхозлагӏа, хьо оьгӏаз а вахийтина, собарх а вохийна, хьоьгара гӏалат а далийтина, хьо хӏаллакван. Кхин ӏалашонаш а хир йу оцу мекарчу цхьогалан.
– Сох лата ца вагӏахь, шена кӏилло аларна ца кхоьру иза?
– Хӏан-хӏа. Цунна эзар бахьана карор ду шен дош йухаэца, кӏелхьарвала.
Деналбекан хӏусамера дог доьхна дӏавахара Зеламха. Ма тамашийна ду хӏара паччахьан ӏедал. Кхин а тамашийна – кхуьнан хьаькамаш. Къиза. Стешха. Йамарт. Зеламхас, шена маршо йоьхуш, кехат йаздинера областан сардале. Ахь ӏедална а, адамашна а даккхий зуламаш дина, ӏедалан законашца хьуна луьра таӏзар догӏу, цунах кӏелхьарвала цхьа а некъ бац хьуна, паччахьан къинхетаме дог дохийла йац хьан аьлла, жоп делира сардала.