Гӏуллакх кхиамца чекхдаьллий хиъна, Абубакар тӏевеара царна.
– Дасудани, господин унтер! Дасудани, гаспада солдат! – аьлла, церан ӏодика а йина, цаьргара схьадаьхна герзаш белшех а тийсина, лома хьалабоьдучу гӏашлойн новкъахула къайлавелира уьш кхоъ.
Царна тӏаьхьа а хьаьжна, цхьана салтичо, паргӏатваьлла, доккха садаьккхира:
– Дала тӏе ма доуьйтийла вайна вовшийн кхин гар!
– Уьш-м шиъ бен ма ца хилла. Вай хьалхе кхераделлера…
– И хьайн муцӏар сацае, ӏовдал вир! – човхийра иза унтера. – Хьуьна чохь церан накъостий мел бара, хаьий хьуна? Оцу шина обарго хьо ца вуьйш, дийна витарх воккхавеш, Далла хастам бан беза ахь хьайн оьмарехь. Оцу шина обаргана а цхьаьна!
Дика хьаьвсича, шайна вовшийн куьйгаш дӏадасталур дара салташка. Амма уьш даьстина карийча, бехке хир бара. Шина обарго шайн когаш цабехкарна а чам бацара царна. Тӏаккха уггар а бехказа хир бара уьш. Делахь а, хӏара а тоьур ду. Шаьш дӏадаста некъахой тӏекхачаре хьуьйсуш, дӏатийра пхи салти.