Ткъа Вербицкийс шен рогӏехь и дехар Михеевга дӏакхачийнера.
Аренца а, лаьмнийн когашкахь а йолчу цхьацца йарташкарчу бахархошкара герз дӏадоккхуш а, дикка кхиамаш хиллера отрядан. Амма цуьнан коьрта ӏалашо – лаьмнашка операци – хӏинца а йолоза йара.
Областан куьйгалхой а, отрядан командираш а, бӏаьхой а иракарахӏиттош килсехь а, зорбанехь а пропаганда лелайора Соьлжа-Гӏалин килсан мозгӏара протоиерейс Поповс. Англи-пачхьалкхан бахархойх 88 процент инородцаш, колонешкара къаьмнаш ду, бохура мозгӏара. Ткъа Францин – 50 процент. И инородцаш ворхӏ хӏордал дехьарчу колонешкахь беха. Хӏетте а, англичанаша а, французаша а и бӏе миллионаш туземцийн бахархой, цхьакӏеззигчу полицейскийн ницкъашца церан къамкъаргаш буйна а къевлина, цаьрга къикъ ца олуьйтуш, шайн колонешкахь чӏоггӏа низам латтадо. Россин пачхьалкхехь оьрсел дуккха а кӏезиг бу инородцаш. Церан махкахь а инородцел дукха бу оьрсийн бахархой. Инородцаш ворхӏ хӏордал дехьа генахь а бац, оьрсийн ӏедалан мера кӏел бу. Хӏетте а, инородцашна тӏехь колонешкахь ӏедал а, низам а ца латтало Россига. Беламе хӏума ма ду иза! Оьрсий тӏех догдика, къинхетаме, догкӏеда адамаш ду. Инородцашна ницкъ ца беш, ассимиляци, русификаци йан гӏерта. Иштта нисделча-м, Дела реза хир волуш гӏуллакх дара иза. Хенан йохалла Россера кхидолу къаьмнаш ассимилировать даре, оьрсийн культуре дерзадаларе дог дохийла йу вайн. Амма и дог дохийла йац вайн Нохчийчохь. Хӏара нохчий, хӏокхара шаьш бусалбанаш бу бахахь а, цхьа а дин доцуш, язычникаш ма бу. Хӏорш цхьа а ӏедал ца дезаш, анархисташ а, разбойникаш а ма бу. Хӏокхарна шед оьшу. Шед тоьхча тӏе ца воьрзучунна хье йуккъе топ тоха. Йа, ӏоттий, некхах чекх цхьамза баккха. Ассимиляци, русификаци йан лаьий шуна? Лаахь, нохчий махках а бахий, Сибиран тайгахь, тундрехь, Йуккъерчу Азин гӏамарийн аренашкахь пхиъ-итт доьзалш бен цхьаьна ца буьтуш, тӏо санна, баржабе. Тӏаккха когаш хецна кхузахь маьрша бехар бу оьрсий.