– Со священник ву. Ткъа хӏара соьца йерг сан зуда йу. Дато жӏар, зӏе йоцург, шуьга дӏайала кхин мехала хӏума йац тхоьгахь.
– Дӏавала, хӏун ду ахь лелориг? – мозгӏаран куьг дӏатеттира Аюба. – Тхуна ца оьшу хьан деши, дети, ахча. Тхуна оьшург кхин ду. Кисана дилла хьайн сахьт а, бохча а!
Хӏорш, зударий лецна, хьуьн чу йуьстах а баьхна, царна ницкъ бан бохку моьттуш, кхерайелира къона ши йоӏ.
– Господин Зеламха! Хьо оьзда къонах ву бохуш, цӏе йоккхуш гӏараваьлла ма вара, зударий сийсазбан воллу хьо? Къинхетам бехьа тхох!
– Дала бекхам оьцур бу хьох, ахь тхо сийсаздахь!
– Маьхьарий ма хьекха! Со Зеламха вац. Цуьнан адъютант Тамаев Аюб ву. Зеламха гур ву шуна хӏинцца. Оха зударшца тӏом ца бо, шун салташа санна. Меттах ца довлуш, машен чохь ӏе. Муьжгий, шу соьца дӏадуьйла.
Уьш шена тӏебалийча, хьалагӏеттина, цаьрга бӏаьрг туьйхира Зеламхас. Уьш цхьа а тера вацара Вербицкийх. Амма Зеламха ца тешара йуьхь-сибатах. Цунна хаьара, коьрта тӏе месаш йухкуш, йуьхьа тӏе маж-мекх латош, йуьхь-сибат хуьйцуш, стаг кхечу куьце волуш хилар. Наггахь Зеламхас ша а хуьйцура шен йуьхь-сибат.
– Муьлха ву шух атаман Вербицкий? Суна кӏилло баба баьхнарг? Соьга шех лата вола баьхна майраниг? Сох лата меттиг йилла цаваьхьнарг? Ас йиллинчу меттиге ван а ца ваьхьна, эскарца суна тӏаьхьа толлуш леларг? Бехк-гуьнахь доцу бераш, зударий, къенанаш хьийзош леларг? Схьахьалхавала хӏинца! Хӏара накъостий тешаш а болуш, ахь къасттийнчу герзаца летар ву вайша!
Зеламхин буьрсачу дешнаша кхерийна пхи стаг цхьана йукъана вогӏавелла лаьттира. Эххар а вистхилира баьшна корта а, ӏаьржа маж-мекх а долу лекхачу дегӏара стаг:
– Батоно Зеламха! Со Вербицкий вац! Со гуьржийн совдегар ву… чӏагӏар духкуш… Хьуна дезахь, ахча а ду соьгахь…
Вист ма-хилли иза гуьржи вуйла хиъначу Зеламхас, куьг а ластийна, витира иза.
– Хьо мила ву? – дегӏана эгӏазечунна тӏевирзира иза.
– Со машенан шофер ву, господин Зеламха… – берчаш хӏиттина, силамаша ӏарждина ши куьг хьалха кховдийра вукхо.
Иза а тергал ца веш, витира Зеламхас. Тӏаккха мозгӏаре хьаьжира иза.
– Со Делан лай, священник ву, господин Зеламха…
– И месаш, маж-мекх тӏелатийна-м дац хьан?