Вскричал тут Гамзат муталимам:
«Сражайтесь неутомимо!
А вы, перелетные птицы,
В Гехи полетите проститься.
За нас долетите проститься,
Скажите, как стали мы биться..
Ткъа иллин аз декара. Цкъацкъа хеталора, хӏара лаьмнаш, хьаннаш илланчина тӏаьхьара олуш техка, буьрса Терк тийжаш доьлху…
Скажите красавицам ясным,
Что умерли мы не напрасно,
Что плечи свои не согнули,
Подставив, как стены, под пули.
Лежим на Черкесском холме мы,
Недвижны в крови мы и немы.
Мы голые шашки сжимаем,
К нам волки приходят, хромая…
Иллехь буьйцург хӏокху обаргийн декъаза кхоллам бара. Царна дукха тӏехӏиттинера иштта киртигаш. Бӏаьргаш дуьхьал хӏуьттура шайн байъина накъостий. Ӏедало лелхийна, дуьне гатдина лела шайн дай-наной, доьзалш…
И вороны к нам налетели,
Не сестры поют нам – метели.
Скажите народу вы, птицы,
Что нами он может гордиться…»
И бросились в бой муталимы,
Сражаясь неутомимо.
Так пали гехинцы, Гамзату верны,
У Терека пенистой, вольной волны…
Илли чекхдаьлча, Шаляпинан аз кӏез-кӏезиг лахлуш, лаьмнашца, хьаннашца дӏадижира, Терко хуьйдина, дӏатийра. Шаляпин гӏайгӏане хьаьжира шена хьалха тийна хевшина ӏачу обаргашка.
«Мацца а цкъа иштта турпала ӏожалла хир йу-кх хӏокху цхьайттаннан а…» – доккха садаьккхира цо.
– Баркалла хьуна, Федор. Оха гӏелделла, гӏайгӏане ладегӏарх, тхох ма кхардалахь. Харцоно, къизалло хӏокху декъазчу, халчу новкъа даьхна тхо. Тхешан кхолламах хӏумма а даккхийдеш а дац. Доьзалех, йуьртахойх хадийна, адамех а къастийна, акхаройн амалшца дехаш делахь а, адамаш ду тхо. Тахана-кхана, мацца а цкъа оцу гиххойн Хьамзатан а, цуьнан накъостийн а санна, ӏожалла тӏеэца дезар ду тхан. Обаргаш хила дуьнен чу ма ца даьхнера тхо тхан наноша…
– Хаьа суна, Зеламха. Пачхьалкхан Думе ахь йаздина кехат дешна ас…
– Хӏета хьуна дерриг а хаьа. Дерриг аьлча а, коьрта дерш. Сайгара бала суна а бен ца хаьа. Ӏедало хӏокху новкъа со ваккхале къена ден да а, да а, шиъ ден ваша а, сайн ши ваша а, дуккха а шичой а бара сан. Тхо машаре дехара, цхьаьнцца а хьагӏ-гамо а йоцуш. Латта а лелош, даьхни а кхобуш. Хӏинца уьш цхьа а вац. Берриг а байъина. Ӏедало ша а байъина, чӏирхошка а байийтина.