Шена а ца хууш, Зеламхас боккхачу барамехь партизанийн ницкъаш вовшахтоьхнера. Цуьнан обаргаш тобанашкахь цхьаьнакхетта ца бехара. Операци йан дезаш хилча, Зеламхас цхьана йа масех тобане гулбора уьш, ткъа и операци чекхйаьлча, дӏасахоьцура. Уьш цхьаберш шайн доьзалшна, бахамашна тӏе йухабоьрзура, ткъа ӏедало лоьхурш, цхьацца-шишша, обаргашна тешамечу нахехь лаьмнашкахь къайлабовлура, шайга хаам бинччу сохьтехь Зеламхина тӏаьхьахӏитта кийчча.
Цундела бархӏ баттахь обаргашна тӏаьхьа талларх, Вербицкийс лаьцнарг веккъа цхьа обарг вара – Мартантӏера Домбин Нукка.
Таӏзархойн къизаллина дуьхьал хьокъалла боллу бекхам оьцура Зеламхас. Лаьмнашкахь, хьаннашкахь кӏелонаш йеш, цӏеххьана тӏелетарш деш, отрядашна даккхий дараш дора цо. Цул совнаха, ша Вербицкийх ца кхоьрийла хаийта, дийнан делккъехь а, буьйсанна а Буритӏа, Соьлжа-Гӏала чу а воьдий, хьолахой талабора. Хӏокху бархӏ баттахь Соьлжа-Гӏалара хьерийн долахо Проханов, совдегар Резаков, Кроликан складаш, Симоновн гӏарайаьлла туька, кхин дуккха а хьолахой талийнера цо.
Амма къаьсттана йоккха гӏовгӏа йаьккхира областехь 1910-чу шеран 8-чу январехь Зеламхас Соьлжа-Гӏаларчу станцина динчу тӏелатаро. Иза ӏаламат майра а, кхераме а тӏелатар дара. Хӏунда аьлча станци гӏали чохь йара, иза ларйеш стражникаш бара, царал совнаха, оцу станцех хоттайеллачу Грозненски станицехь герзех воттавелла масех бӏе гӏалагӏазкхи вара. Соьлжа-Гӏали чохь долу эскаран дакъош-м хьехор а дацара.
Буьйса шийла йара, йуьхь а морцуш. Бӏаьргаш а, марош а доцурш, йуьхь дӏакъовлуш, коьртех башлакхаш а хьарчийна, станцина гергакхаьчча, шайн говраш цхьана жимачу боьрахь шина накъостаца а йитина, йуьйлина тоьпаш кара а лаьцна, вовшашна йуккъехь ткъех гӏулч йукъ а йуьтуш, меллаша станци чу бахара уьш. Массарел а хьалха Зеламха а, гӏалгӏайн Саламбек а, ишхойн Жабраил а, царна тӏаьхьа Аюб, Абубакар, Анагӏеран Жамаьлда, Баматгери-Хьаьжин ӏела а вара. Станци а, станица а набарна дӏатийнера. Когаш кӏел йамартлонца цӏийзара ло. Хӏорш вокзалана тӏекхочуш гина машинист, орца ала гӏоьртича, Саламбека шаьлта тоьхна вийра.