Зеламхин ӏалашо кхочушхиллера. Амма шеца баьхкинчу накъосташна ахча хила а лаьара. И шадерг царна дӏадийкъира цо. Зеламхин ширачу исс накъосто шайна догӏу дакъа схьа ца ийцира, вукхарна дитира. Цхьана бахьанашца ӏедалан кара гӏахь, вовшийн ца бийца цаьрга дуйнаца чӏагӏонаш а йайтина, уьш дӏасахийцира Зеламхас.
Зеламха Гӏизлара чуваханчу дийнахь Соьлжа-Гӏаларчу эпсарийн клубехь сакъоьруш вара Вербицкий. Даима а санна, шампански чагӏар муьйлуш, кехатех ловзуш, йукъ-кара мехкаршца халха а вуьйлуш. Шена бевзачу эпсаршца забарш а йеш.
– Зеламхас, ша тахана Гӏизларера банк талор йу аьлла, хьоьга кехат даийтар бакъ дуй, атаман? – хаьттира цуьнга уллохула тӏехбовлучу эпсарша.
– Бакъ ду, – шен рогӏехь цаьрга а Зеламхин кехат дӏагайтира Вербицкийс.
– Ткъа хьо кхузахь сакъоьруш ма ӏа?
Цаьргара схьаэцна, кехат кителан кисана таӏийра Вербицкийс.
– Зеламха, базарара зуда санна, воккха хабарча ву. Со кхеро гӏерта иза. Тӏулгаш кӏел лечкъа дӏаьвше цергаш йолу лаьхьа санна, шен лаьмнашкахь сох лечкъаш, ведда лела Зеламха ваьхьа Гӏизлара гӏорта? Сан отделехь майра итт эзар гӏалагӏазкхи ву, шайга шок тоьхча, дойшна тӏеховша кийчча. Цул совнаха, Гӏизларахь эскаран гарнизон, полици, стражникаш бу. Цара хӏаваэхула моза тӏома болуьйтур бацара сан отделана тӏехула!
Суьйранна Соьлжа-Гӏала кхаьчначу шийлачу хаамо пхенашкара цӏий сацийра Вербицкийн. Областан начальникан гӏоьнчас эла Орбелианис хаам бира, Зеламхас Гӏизларера банк талийна, ткъех салти вийна, маситтанна чевнаш йина, иза ша зен-зулам доцуш дӏавахана, ша областан прокурораца Зайцевца Гӏизлара вогӏу, Соьлжа-Гӏалахь шайга хьоьжуш саца аьлла. Вербицкийн синтем байра. Гӏизларахь хилларг цуьнан карьерин чаккхе йара. Даржах вохийна а, чин дӏадаьккхина а вуьтур вац. Суд йан а мега. Цо тергал ма ца бира ши де хьалха Соьлжа-Гӏалин округан начальника Стрижевс шега бина хаам. Шен агенташкахула цунна хиънера Гӏизларера банк тало Зеламха нах гулбеш хилар. Стрижевс и хаийтира Вербицкийна. Ткъа хӏокхо иза, забарехьа а даьккхина, дитира. Хӏинца полковника тоьшалла дийр ма ду, ша хьалххе хаам бинера аьлла. Хӏокху клубехь Вербицкийн къамел