Хӏорш охьабийшина ӏохкуш, кора кӏел цхьа шах-ших хезна, топ йуьйлина, ларлуш ара а ваьлла, цӏийнан го теллира Бийсолтас. Амма арахь цхьа а ца карийра цунна.
Зеламха волу меттиг ца хаьара царна. Иза доьзална тӏеваза бутт сов хан йаьллера. Нагахь салтий схьагӏортахь, Бийсолте хӏара зударий а, бераш а ларлур ма дац. Цо Деле доьхура ваша шайна тӏекхачавахьара бохуш.
Беци а, Зезаг а, шайгара баланаш бицбан гӏерташ, цхьацца болх беш хуьлура. Шаьшшиннан а, берийн а бедарш летош, йуьттуш. Тӏергӏан тайх пазаташ, каранаш дуцуш. Дукхахйолу хан хӏусамдайн гӏуллакхаш деш йоккхура, цара мел дуьхьало йарах а.
Зеламха цӏеххьана кхечира. Хӏусамдайшца а, лулахошца а тӏекаре а йина, маравоьллина Лом-ӏела а хьистина, тӏаккха шайга рагӏ кхачаре хьуьйсуш лаьттачу шен берийн кортойх куьг хьокхуш, чекхвелира иза.
– Тӏаккха, шун гӏуллакхаш муха ду? – хаьттира цо Беце, Зезаге.
Зеламхина дика хаьара цаьргара хьал. Хӏетте а хоьттура. Цхьаъ аьлла, къамел доло ма дезара. Бецин бӏаьргаш, догӏанан мархаш санна, кхоьлира. Амма шен дагара ца хаийта гӏоьртина, халла балдаш озийна, йелакъежира иза.
– Хьо могаш-дийна хилчахьана, дерриг а дика ду. Хьуна сагатдо оха. Хьо лаца эскарш гулдеш ду аьлла, хабар кхаьчна тхоьга…
– Итт шо ду со лаца цара эскарш гулдо. Ткъа со могаш-маьрша лела. И хьакхарчий гуллуш йу алий, са ма гатделаш. Бераш сиркхонаш ца лехьош дуй?
– Ахьмад, дагар долуш, масех дийнахь цомгаш ӏиллира, – элира Зезага. – Хӏинца гӏоли йу цунна.
– Кхачанца муха дохку шу?
– Кхузарчу наха цхьа а хӏума эша ца дуьту тхуна. Ахьар, дама, жижиг, шура, даьтта, кхиерг а латтайо.
– Дала къобалдойла церан сагӏа!
Зударшца, берашца тӏекаре йинчул тӏаьхьа Бийсолтица шецца къамел хилира Зеламхин. И шиъ цхьана дена вина велахь а, йуьхь-сибат а, амалш а цхьатера йацара цаьршиннан. Зеламха лекха а, лоха а воцуш, дуьзначу йуккъерчу дегӏара вара. Шуьйра, охьахьаькхна белшаш, деха пхьаьрсаш, стаммий пӏелгаш долу даккхийро куьйгаш. Коьрта тӏера месаш а, маж-мекх а ӏаьржа дара. Йуьхь – лахахь гатлуш йеха, нийса мара, жугӏара бӏаьргаш. Царна тӏехула – аьрзонан тӏемаш санна сеттина, даьржина, месала ӏаьржа цӏоцкъамаш. Аьрру бӏаьрг, леррина тидам бича, вукхул жимо хеталора.