Лаьмнашка хьала мел довлу некъ хала хуьлура. Кхоалгӏачу дийнахь лекхачу лома кӏел кхечира уьш. Цунна тӏе хьалаболуш, атталла, гӏашлойн некъ а бацара. Хьалха дӏадаха а, йуханехьа дерза а аьтто боцуш хьал хӏоьттира цаьрга. Цхьадика, гена йоццуш хьех карийра, хӏорш парггӏат чутарлур болуш. Элбарта а, Бийсолтас а, дечиг а деана, цӏе латийра. Адамаш чудаьхкича, меттахдевлира хьехан тховх летта кхозу бирдолагаш. Кхерам туьйсуш, зӏакарш хьекхайора бухӏанаша. Хӏокхеран ирсана, хьехан цхьана маьӏӏехь стомма чкъор деш йаржийна йекъа буц карийра. Берашна бекъа кхача а баийна, цӏарна гонаха буц а йаржийна, уьш охьадийшийра цара. Тӏаккха шаьш кхачанах а кхетта, садаӏа охьабийшира баккхийнаш а.
Хӏорш паргӏатбевлча, шен топ ги а тесна, гондӏа дерг талла аравелира Бийсолта. Буьйса, беттаса долуш, сирла йара. Халла цхьана ломан лакхенга хьала а ваьлла, дӏаса бӏаьрг тоьхча, лаха тогӏи чохь цхьана гулахь йогуш дуккха а цӏерш гира цунна. И цӏерш йагориш салтий бен хуьлийла дацара. Хьеха йуха а вирзина, Элбарт ара а ваьккхина, цуьнга шена гинарг дийцира цо. Тховса шина зудчун са ца гатдан сацам хилира цаьршиннан. Хаийтича а, хӏун нислур дара. Буса-м хьовха, дийнахь а хьалха дӏабаха некъ бацара зударийн а, берийн а.
Ӏуьйранна Беци а, Зезаг а хьалагӏеттича, дийцира цара шайна хьалха хӏоьттина кхераме хьал.
– Вай ломан сирта тӏе хьаладовладелча, цунна дехьа хевсураш бу, – элира Элбарта. – Цигахь тӏедисса дуккха а тешаме нах бу Зеламхин. Ломах хьаладовла ӏаламат хала хир ду вайна. Амма кхузахь дисар а кхераме ду. Говр кхузахь а йитина, охашиммо бераш гихь-карахь а дуьгуш, ломах хьалагӏоьртича, муха хетар дара шуьшинна?
Беци а, Зезаг а хӏинца а самадовлаза ӏохкучу берашка хьаьжира.
– Элбарт, ахь хьайн ницкъ кхочу вошалла дина тхуна, хӏинца хьайн ницкъ кхочур боцург дан а гӏерта хьо, – элира Бецис. – Хьуна Дела резахуьлда. Ахь дина вошалла оха цкъа а дицдийр дац. Хӏокху берашца кхидӏа дахалур дац тхо. Уггар йоккхачу Медин дейтта шо бен дац. Оха новкъа даьккхина рицкъа кхачийна, хӏокху лаьмнашкахь мацалло а, шелоно а дойур ду бераш. Иза ца хилийта, салтийн карайаха а реза йу тхойша. Зударий а, бераш а дойур хир дац цара.