Хӏорш болу меттиг гучуйаьллера. Хӏинца ловчкъа гӏертар эрна дара. Ши зуда хьехара арайелира. Хьалха цигахь лаьтташ дегӏастанхой бен бацара, хӏинца салтий а гучубевлира. Салтий, герга бахка ца баьхьаш, даккхийчу чхернаш тӏехьа а левчкъина, хьеха тӏе тоьпаш а йерзийна, севцира.
– Ва-а-а, нохчий, гӏалгӏай! Бусалбанаш буй шуьца? – мохь туьйхира Бецис. – Тхоьца цхьа а боьрша стаг вац, тхоьгахь герз а дац! Тхо ши зуда а, йалх бер а ду кхузахь! Уггар йоккхачу йоьӏан дейтта шо а долуш!
Хӏокхарна гуш боцуш, хьехана тӏехула торха тӏехь а хиллера салтий. Цигара охьа хехкалуш, шершаш чувоьссира ши стаг.
– Тхо гӏалгӏай ду. Тхох кхера ца оьшу. Зеламха вуй шуьца?
И шиъ вайнехан маттахь вистхилча, сапаргӏат делира шина зудчун.
– Зеламха а, цхьа а боьрша стаг а вац тхоьца. Тхойшиъ а, йалх бер а ду.
– Зеламха мичахь ву?
– Ца хаьа тхуна.
Тӏевеана ши дегӏастанхо, тоьпаш хьала а лаьцна, хьеха чу хьаьжира. Чохь, кхераделла, вовшашна тӏеттӏа а таьӏна, хебна ӏаш бераш доцург, кхин адам ца гича, аравелира и шиъ. Кхин масех дегӏастанхо а тӏевеара хӏокхарна. Кхузахь шайна кхерам боцийла хиъча, майравелира говрачух тера корта болу хьаьрса суьйли.
– Хӏинца-м тхан карахь дара шу! – нохчийн маттахь вистхилла, баьхьанаш санна йаккхий, можа цергаш гучу а йохуш, велавелира иза. – Тхан къинхьегам эрна ца хили!
– Стенна ӏоьху хьо, суьйлийн вир санна? – човхийра иза гӏалгӏачо. – Хӏокху зударшца, берашца ма майраваьлла хьо! Айхьа Зеламха лаьцча, воьлур хьо! Нагахь санна хӏетале цо хьайн ворхӏе да волчу жоьжахате ца вахийтахь!
Ши зуда баркаллица хьаьжира гӏалгӏачуьнга.
– Шайн сал-пал дӏахьарчаел, – элира шолгӏачу гӏалгӏачо. – Эла волчу шу дӏадига деза тхан.
Сал-пал дӏахьарчош, къахьега ца дийзира. Берийн а, шаьшшиннан а бедарш таьлсаш чу таӏийра Зезага. Текх-цаца а, кад-ӏайг а хӏинца царна ца оьшура. Цхьана суьйличо, беберса хӏума лоьхуш, кегийра таьлсаш. Ца карийча, уьш шен белшах тесира цо. Тӏаккха шина гӏалгӏачо берийн куьйгаш а лаьцна, гоьллелц догӏучу лайлахула, могӏа а бина, дӏабуьйлабелира уьш. Цӏеххьана йухавирзина, цхьа дегӏастанхо, хьеха чу а вахана, говр йалош йухавеара.