Хадижатана дика вевза шен майра. Йахь, оьздангалла йу цуьнгахь, къинхетаме, догцӏена ву иза. Ша бахьана долуш йуьртарчу цхьана стагана бохам ца хилийта, шен са дӏалур долуш ма ву иза.
Хадижат йоьхна хьийзара, цуьнан дог буйна доьллинчу хьозанан санна детталора…
Саламбек наггахь вогӏура шен доьзална тӏе. Хадижатна вогӏур вац аьлла хеттачу хенахь. Уггар ӏаьржа, цӏемза буьйса а къастайой. Ӏедалан само артйеллачу хенахь. Пурстоп а, цуьнан стражникаш а, айкхаш а мичахь, хӏун деш бу а, толлий. Йуьртара адамаш набарна дӏатийначу хенахь. Иза цӏа веача, шийтта шо хенарчу кӏанта ӏалихана арахь ха дора, набарна охьа а ца вуьжуш. Доьзалца буьйса а йоккхий, шен маддоьлла духар цӏенчуьнца а хуьйций, сатоссуш йуьртара араволура Саламбек. Йуьртахоша а ларвора иза кхерамах.
Тховса цӏеххьана цӏа веара Саламбек. Бераш кхачанах а дузийна, уьш охьа а дийшийна, Хадижат охьайижа кечйеллачу хенахь, цаьршиммо барт бинчу ишарехь бешехьа корах бай пӏелг туьйхира. Хадижат, ӏалихан неӏарехьа дӏахьаьдира. Неӏарна боьллина гӏуй дӏа а баьккхина, араиккхира и шиъ.
Шена маракхеттачу ӏалиханна белша тӏе куьг а диллина, чуваьлла Саламбек, набарш кхетта ӏуьллучу жимачу кхаа бере бӏаьрг а тоьхна, сацавелча, цунна маракхийтира Хадижат.
Шена тӏера схьайаьхна тужурка, башлакх, куй пенах тоьхначу хьостамах хьала а оьллина, маьнги йисте охьахиира Саламбек.
– Хьо цӏахь хилла дукха хан а ма йацара, Саламбек. Лаа дуй хьо иштта сиха цӏавар?
– Хӏокху итт шарахь хиллачарел совдаьлла, галдаьлла хӏумма а дац. Селхана йуьртан гуламехь пурстопа дина къамел а хезна, веана.
Хадижата дийцира йуьртан тхьамданаш ша йолчу бахкар а, шайн хилла къамел а.
– Чехкка гӏой, Суламбек а, Арслан а схьакхайкхал, – элира Саламбека, Хадижате лерина ла а доьгӏна.
– Цаьршиннах хӏун до ахь?
– Гӏуллакх ду. И шиъ схьавеача, хуур ду хьуна.
Ша майрачуьнца хӏара халонаш йоькъуш, ловш йелахь а, дуккха а гӏуллакхашна тӏехь иза шех дагавийлахь а, хеттарш деш цкъа а кӏорге ца гӏертара Хадижат. Дийца дезарг, дийца мегарг, нагахь санна иза шен накъостийн къайле йацахь, цуьнга ша дуьйцура Саламбека. Цундела кхин хеттарш ца деш, шен коьрта доккха, довха кортали а