дукъ тӏелоцур ду. Иштта а, вуьшта а рицкъанаш Делан карахь ду…
Буьйса йукъалтӏехйаьлча, шина сохьтехь наб кхийтира Саламбекана. Гӏенах дуьхьалхӏуьттура Хадижат а, бераш а. Суламбек а, Арслан а. И гӏан йукъахдаьккхира цуьнан, гӏовгӏа йоккхуш догӏа а даьккхина, цӏовзош, аьчган неӏ а йиллина, чубаьхкинчу набахтин надзиратело а, салташа а. Уьш шега бист ца хуьлуьйтуш, хьала а гӏеттина, царна хьалхавелира Саламбек.
Цара гена а ца вигира Саламбек. Набахтин кертахь тангӏалкх йара. Цунах кхозуш махо лестош муш а, кӏел хӏоттийна гӏант а.
Ӏожаллина кечвала шена ах сахьт хан йийхира Саламбека.
Хӏора минотехь кхерамехь ду обарган дахар. Ӏожаллин чов хилла воьжначунна. Йасин деша молла ца хуьлу акха хьаннашкахь, лаьмнашкахь. Цундела Зеламхас а, цуьнан накъосташа а дагахь ӏамийнера Йасин а, велларг дӏавуллуш доьшу Къуръанан айаташ а. Саламбекана а дагахь хаьара Йасин а, айаташ а. Чаьлтачаша шен дехар кхочушдича, тангӏалкхашна кӏелхьарчу гӏанта охьа а хиъна, лохачу мукъамехь паргӏат Йасин а, цунна тӏаьхьа масех айат а дешна, дехха доӏа а дина, хьалагӏеттира. Тӏаккха тӏаьххьара а стигала бӏаьргтуьйхира Саламбека. Стигалахь серлабаьлла, буьззина кхетта бутт а, канашца дӏасакхуьйсуш даржийча санна, даьржина лепаш седарчий а, царалахь къаьсттана лепа сахуьлу седа а. И стигал, бутт, седарчий тӏаьххьара гора цунна. Цо тӏаьххьара а кийра уьйзура хӏара шийла, цӏена хӏаваъ а.
Саламбекана йелла ах сахьт хан чекхйаьлча, цунна тӏе ши гӏулч йаьккхира чаьлтачо. Амма Саламбека, дуьхьал куьг а тесна, сацийра иза:
– Сох куьг ма ӏотта. Ас айсса кхочушдийр ду хьан декхар.
Саламбекана ца лаьара дуьненахь шен тӏаьххьарчу минотехь оцу керстане, мостагӏчуьнга шех куьйгаш ӏиттийта.
Тангӏалкха кӏел гӏант а нисдина, цунна тӏе хьала а ваьлла, чӏагӏалла зуьйш муш охьаозийра цо. Муш чӏогӏа, саба хьаькхна шера бара. Шаршад цкъа дӏаса а озийна, шен логах а тесна, озийна лога тӏе хьала а къевлина, чӏоггӏа цергаш тӏеттӏа а таӏийна, когашца гӏант дӏа а харцийна, охьаоллавелира. Садукъделла, коьрте лазарш детташ, пхенаш ийзош, масех минотехь тангӏалкха кӏел дӏасахьийзира цуьнан деза дегӏ. Амма цхьа а узар ца долуш, шен са дӏаделира цо.