Цо жигара дакъалецира Тифлисехь, Кутаисехь, Батумехь, Чиатурехь революцин а, Гурияхь ахархойн гӏаттам а хьошуш. Хӏокху тӏаьхьарчу шарахь Дагестански полкан командир вара иза.
Ламанхо хиларе терра, цунна дика девзара кхузара халкъаш а, церан гӏиллакхаш а, амалш а. Коьртехь хьекъал а, ӏилма а хилла ца йинера цо йоццачу хенахь карьера. Оцу шиннан меттана тӏех къизалла а, мекарло а йара цуьнгахь. Тешнабехк, йамартло цӏийца, тӏамарца йара цуьнан, эхь а, йахь а, оьздангалла а бохурш цунна хӏун йу а ца хаьара.
Ши бутт сов хан йара иза Нохчийчу ваьккхина, шатайпа леринчу таӏзаран отрядан начальник хӏоттийна. Округийн начальникаша цуьнга йеллера йарташкарчу шайн айкхийн цӏерш. Амма Морганияна царах тоам ца хилира. Оцу йоццачу хенахь цо къайлах уьйраш тесира нохчийн къомах йевллачу йовсаршца. Цаьрца бийца йукъара мотт а карийра цунна. Кхеро, эца, хьаста, човхо.
Неӏарх пӏелг тоьхна, чуван пурба а дехна, цуьнан кабинета чувеара айкх. Лохо дегӏ, горга йуьхь, дуккха а хенахь дуьйна дашаза маж-мекх, шуьйра мераӏуьргаш, готта хьаж, пхьидачух тера схьагӏоьртина сийна бӏаьргаш, деха пхьаьрсаш, оцу дегӏаца ца йогӏуш йоций настарш йолуш, шовзткъа шо хенара стаг вара иза.
– Де дика хуьлда хьан, полковник! – маршалла хаьттира цо, неӏарехь а сецна.
– Марша вогӏийла хьо, Юша.
Шега полковнико куьг кховдоре дог даьхна, ши гӏулч йаьккхина, стоьла улло гӏоьртира иза, амма вукхо тергал а ца вира. Атталла, даьсса лаьттачу гӏанта охьахаа а ца элира.
– Муха ду гӏуллакхаш, полковник? Доьзалера хабар дуй? Могаш буй иза? Хьан могашалла а муха йу?
– Дерриг а дика ду. Хьо лаа веаний?
– Зеламхин уггар гергарчарех цхьана накъостана Аюбана тховса ас тӏедигча, суна мел ахча ло ахь, полковник?
– Цхьа кепек а ца ло.
– Хӏунда?
– Суна Аюб ца оьшу. Зеламха оьшу. Цунна тӏе ахь дигахь, берхӏитта эзар сом лур ду хьуна.
– Зеламха волу меттиг ца хаьа суна. Тховса Аюб мичахь хир ву, хаьа.
– Хӏета вайшиннан къамел чекхдаьлла.
– Бӏе сом ло суна, полковник. Тховса Аюб шун карахь хир ву.
– Мичахь ву иза?
– Цкъа хьалха ахча! – куьг хьалха а кховдийна, нана пӏелг а, йуккъера пӏелг а вовшахъхьакхийра айкхо.
– Дика ду, Юша. Амма ахь со ӏехавахь, ас дийна воллуш тӏера цӏока йоккхур йу хьан.