волуш санна, сапаргӏат вара иза тахана ӏуьйранна. Сибрехь болчу шен доьзалца иза хийца шен ӏалашо кхочушхилча санна. Хӏинца и сатийсам а дӏабели цуьнан. Гуттаренна ца баьллехь а, цхьана ханна. Йуха а иза лаца гӏерташ, цунна тӏаьхьа толлуш, лела веза. Кхин аьтто нислой а, ца хаьа. Ткъа Беци, Зезаг, бераш Сибрехь ду. Цхьа а тайпа хабар доцуш, масех бутт баьлла. Инженерашкахь карийна ахча а ши бӏе шовзткъа сом бен дац. Эрна хили цо а, накъосташа а хьегна къа а, ӏанийна цӏий а.
– Оха тхайца дӏавуьгур ву хьо, полковник. Шортта ахча лахь, маршавоккхур ву. Масала, ши эзар туьма.
– Сан дац оццул ахча. Аьттехьа а. Алапел совнаха, суна тӏедогӏуш цхьа кепек а дац.
– Россехь бахам буй хьан? Цӏенош, латта, даьхни?
– Иза а, важа а дац. Со помещик вац.
– Мел ахча далалур ду хьоьга?
– Итт-ткъа туьма.
– Гергара нах, доттагӏий буй хьан?
– Бу. Со санна, къен. Къена а.
– Аьшпаш буьтту ахь, полковник. Къен оьрси хьан дарже лакха ца воккху шун паччахьо. Хьолахо бен. Къен оьрси салт воккху. Хьан ахча ду. Россехь бахам а бу. Цул совнаха, кхузара ламанхой къинхетамза талабо аш. Тиша шарбал йуьйхина, Россера кхуза веана эпсар, цхьа шо далале, эла санна, кечло. Хьайн хьаькаме, гергарчу нахе, доттагӏашка кехат йаздийр ду ахь. Цхьа бутт балале Зеламхина ши эзар туьма тӏе ца кхачадахь, хьан корта боккхур болуш бу цо аьлла.
Кхузахь бекъа кхача а биъна, цхьана сохьтехь говрашка са а даӏийтина, новкъа бевлла уьш Макӏажа кхочуш, эвла йистехь гулделла дуккха а адамаш гира царна. Цаьргара шайна новкъарло хир йу бохург дага а ца догӏу Зеламха, шек а воцуш, тӏевахара царна.
Лаьмнашкахь дукха йарташ йу тогӏешца йаьржина. Йарташ ала йаккхий а йац уьш. Уггар йоккхачу йуьртахь бӏе сов кӏур хуьлу. Царна тӏедоьлху некъаш хала ду. Амма миччахь а цхьанхьа, мел генахь а хилларг, телеграф санна, хӏора йуьрта дӏакхачадо. Къоьзан-ӏомана а, Ботлихе боьдучу некъана а гена йац Макӏажа. Цундела макӏажошна уггар хьалха хиънера тахана некъа тӏехь хилларг.
Макӏажоша дукхазза а дуьхьало йинера ӏедална. Хӏокху Ведана- округехь уггар къармазечу йартех коьртаниг лорура иза ӏедало. Кхузара дуккха а нах – къаьст-къаьстина а, доьзалшца а – Сибрех бахийтинера. Цхьаберш