тухуш, тобанна йуккъехула а бевлла, йуьртахула чекхбевлира.
Гена довлале шен йийсар дагавеара Зеламхина. Амма иза гуш вацара цаьрца.
Зеламхин накъосташна а, макӏажошна а йуккъехь хиллачу хьовр-зӏоврах пайда а эцна, веддера иза. Ткъа макӏажоша цунна новкъарло ца йинера.
Макӏажал тӏехваьлча, накъосташца муьлхачу агӏор вахча, кхерамза хир дара-те бохуш, ойла йора Зеламхас. Чӏебарлойн лаьмнашкахь социйла а дацара. Шен гӏалагӏазкхашца кхуза хьалавогӏуш хир ву Кибиров. Цкъа Шара-Орган агӏорхьа ваха дагадеара цунна. Кибировс дӏакъевлина хир ду кхузара дӏа цига доьлху некъаш. Тӏе, Моргания гӏалагӏазкхийн шина сотница Органца хьалавахана бохуш, хабар а дара. Шайн лар йайа цкъа Шара-Органехьа а вахана, тӏаккха суьйлийн йуьрта Ригаха дӏавирзира иза. Кхузахь цхьана ханна шайн лар йита сацам хилира цуьнан. Тӏаккха ӏаьндойн лаьмнашкахь лар а йайъина, Нохчийчу а вирзина, накъостий дӏаса а хецна, ша цхьанхьа къайлавала.
Гӏагӏатӏлан агӏорхула схьа Чермойн лома богӏура уьш. Некъаш ӏаламат хала дара. Цкъацкъа нийсса хьала, тӏаккха йуьхьар чу, гаттий. Цхьаццанхьа, говраш тӏера чу а биссина, уьш архаш лаьцна йига йезаш меттигаш а нислора. Халла Чермойн лома хьалабевлира уьш, Кхузахь ши-кхо чаккхарма йеакӏов ала мегаш аре йара. Говрашка садаӏийта севцча, ӏасса тӏай тӏехь Зеламхас чов йинчу ротмистран Донагуловн ваша тӏенисвелира царна шен отрядаца. Бевдда, кӏелхьарбовла аьтто бацара. Хьалха Донагулов вара, тӏаьхьавогӏуш шайн сотнишца Котиев, Гасанилов вара. Аьтту йа аьрру агӏор кӏелхьарбовла гӏоьртича а, тӏулган лекха бердаш дара. Гӏаш чудиссалур дара, амма говраш йигалур йу бохург хьехочохь а дацара. Кхузахь дуьхьало йича а, хӏорш берриг а хӏаллакьхир бара.
Хӏорш гича, акха маьхьарий хьоькхуш, кортош тӏехула тарраш хьийзош, чухьаьлхира Донагуловн дошлой. Донагулов хьалха вогӏура. Цо дуйнаца чӏагӏо йинера Зеламхас заьӏап винчу шен вешин чӏир йекха… Дуьхьал герз ца тоьхча, эвххьаза тӏебогӏур бара уьш. Зеламхас хьалха, тӏаккха накъосташа герзаш туьйхира. Цхьа-шиъ говрашкара чувуьйжира, амма бисинарш хьере тӏебогӏура. Цхьана минотана дуьненах дог диллира Зеламхас.