дагахь ма-дарра цо шега дийцарна, Дешина баркалла а аьлла, хин коьртера дӏавахара Овхьад. Цул тӏаьхьа дуккха а хан текхира цо, кхачанах а хаьдда, буьйсанна наб ца кхеташ, кийра батталуш. Дукха хан йалале Болате маре йахара Деши. Цул тӏаьхьа цхьана а йоӏе безам ца бахара Овхьадан. Йа мехкаршца уьйр таса а, сакъера а хан а ца хилира. Нохчмахкахь гӏаттам болабелча, цуьнан кӏуркӏамане нисвелира иза. Гӏаттам хьаьшна чекхбаьлча, Гуьржех вахара. Гӏаттаман декъашхошна, атталла цуьнан куьйгалхошна йукъахь а дуьненан ӏилма хууш кхоъ бен стаг вацара. Берса а, ӏуммин Дада а, хӏара Овхьад а. Берса цомгаш, къена вара. Дада гӏаттаман шийтта куьйгалхочуьнца цхьаьна ирхъоьллинера. Берсас шена тӏекхайкхира Овхьад. Хьо къона а, хьекъале а, ӏилма долуш а ву, хьо вайн къомана оьшур ву, ӏедалан кара гӏахь, хӏаллакьхир ву, цундела хӏокху махкара дӏавала, элира цуьнга. Гуьржехара шен хьеший болчу дӏахьажийра иза Берсас.
Шоьнана а, Тӏуртӏи-Кӏотарна а йуккъехь, Коьжалка-Дукъахь, малх чубуьзначул тӏаьхьа, хьуьнна йуккъехула болчу новкъахь Овхьадана хьалха нисйелира гӏаш цхьанхьа йоьдуш зуда. Цуьнан белшех кхозуш таьлсаш дара, букар а хьаьвзина, цхьанна гуш боцчу ницкъо ийзош санна, техкаш, гӏаж гӏертош, халла когаш бохуш йоьдура иза. Некъ цхьана жимачу ирзо тӏе баьлча, соцунгӏа а хилла, дӏаса а хьаьжна, тӏуьначу лаьтта охьахиира зуда. Герга кхаьчча, Овхьадана йевзира делкъехь Ведана гӏопан кевнехь шена гинарг.
Овхьад тӏекхаьчча, зуда цуьнга схьа а ца хьаьжира. Логах хьарчош коьрта тиллина доккха ӏаьржа кортали схьа а даьстина, ши тӏемаг некха тӏехула цо охьахецча, ӏаьржачу чухтина бухахула гиччошкахь гучуевлира ло санна кӏайн месаш. Йуьртана генахь, акхароша сийсочу хӏокху хьуьна йуккъехь и къена зуда а йитина, тӏехваьлла дӏавахар гӏиллакхехь а ца хетта, цунна уллохь сецира Овхьад.
– Зуда, хьо лаа лелий садовчу хенахь? – хаьттира цо.
– Лаа йу со-м. Кӏадъелла, жимма садаӏа охьахиъна.
– Гена йаха дезий хьан?
– Гати-Юьрта.
– Иза-м генахь ма йу кхузара дӏа.
– Тховса ӏаьларахь буьйса йоккхур йу ас.
– Со а ву, тховса ӏаьларахь буьйса а йаьккхина, кхана Гати-Юьрта ваха везаш. Тӏуьна латта дика дац дегӏана.