а, шина агӏор а дӏахӏиттира инарлин адъютанташ, пурстопаш, гондӏарчу йартийн йуьртдай а. Майданахь лаьтташ масех бӏе божарий, зударий гича, резахилла, шен дуькъачу, хьаьрсачу мекхех хьажо пӏелг хьаькхна, цӏоцкъамаш айдина, адамашна тӏехула бӏаьрг кхарстийра инарлас. Вовшашка лохха къамелаш деш лаьтта божарий а, зударий а дӏатийра.
– Шуьца къамел доцца хир ду сан. Дукха дийцарх а, хаза дийцарх а, кхета хьекъал дац шуьгахь. Дала эс, кхетам дӏаэцна адамаш ду шу. Разбойникаш чубитинчу, паччахьан эскаршна герзаца дуьхьало йиначу, паччахьан эскаран эпсар, салти вийначу йа иза а, важа а дан разбойникашна гӏо динчу нахана а, йуьртана а ӏедало хӏун таӏзар дийр ду хаийта, гулдина шу. Кхузарчу йуьртдена а, шуна а дукха дика хаьа, Зеламха а, цуьнан ткъа разбойник а хьенан хӏусамашкахь хилла. Зеламха хьенан хӏусамехь хилла, тхуна хаьа. Важа ткъа разбойникаш буьйса йоккхуш хьаьнгахь хилла, ца хаьа. Аш а ца буьйцу уьш тӏеэцна нах. Шун йуьртдас а ца буьйцу. Цундела шун йуьртда оцу даржера дӏавоккху ас. Йуьртда шаьш харжа шуна йелла бакъо а дӏайоккху ас. Тахана дуьйна дӏа аш хоржур вац йуьртда, иза ӏедало хӏоттор ву. Разбойникаш тӏеэцначу нехан цӏерш хаьа суна, делахь а тхоьгахь цхьа а тоьшалла дац. Цундела законаш ца талхо а, зударех, берех къинхетам бина а, и нах таӏзарза буьту ас. Амма Зеламха тӏеэцначу вежарийн ӏодаевгӏеран цӏенойх а, кхечу гӏишлойх а чим бийр бу. Ткъа вежарий ӏодаевгӏар Сибрех каторге бохуьйтур бу. Мел ханна – иза суьдо къастор ду.
Соьлжахошна хаьара, оцу буса Зеламхин ткъа накъост хьенан хӏусамашкахь хилла. Морганияс мел кхерамаш тийсарх а, цара дӏа ца бийцира шайн йуьртахой. Шайн йурт сийначу цӏарах йагийча а, шаьш дерриг а доьзалшца цхьаьна сийначу Сибрех дахийтича а, буьйцур бацара. Кхера-м, дера, кхоьрура. Зударех а, берех а къа а хетара, царах дегнаш а ӏийжара. Амма Зеламхин накъостий тӏеэцна итт доьзал ӏедале дӏа а бийцина, церан цӏенош а дагадайтина, уьш Сибрех а бахийтина, йуьртана эхь дечул, мел къиза а, луьра а таӏзар тӏеэца кийча бара уьш. Ткъа Зеламха тӏеэцна ӏодагӏар йуьртахоша ца бийцинера. И мотт арахьарчу стага баьхьнера ӏедална тӏе. Соьлжахошна карор ву иза.