Хорачара шовзткъа шо хенара Мусхьабан Асхьаб, кхиболу шен йуьртахой санна, лаьттаца къахьоьгуш вехара. Нахал хьоле а йа къен а вацара. Нехан санна, цхьа урд латта а, ши сту а, масех бежана а, газа-уьстагӏ а. Нехачул оьшуш доцуш цӏенош а. Нах санна, Далла ӏамал йеш а вара. Амма, дог ӏарждина, кийрахь хьагӏ, къизалла, сутаралла йара цуьнца. Шечул совбаьлла нехан бахам бацахь а, шениг санна нехан бахам хилар а ца лалора цуьнга. Нехачул сов бежана, газа-уьстагӏ хилийта гӏерташ, дукха къахьоьгура цо. Цуьнгахь ши бала бара – нехан долчун а, шен доцчун а. Йуьртарчу цхьанна диканиг хилча, дог ӏаржлора, бохам хилча, дог доьлура цуьнан.
Цхьа стаг дика ву, оьзда ву, къонах ву аьлча а, ца лалора. Шен нийсарчу, бераллехь шеца левзинчу, цхьаьна кхиъначу Зеламхина майра ву, оьзда ву, къонах ву бохуш, махкахь гӏаравалар а ца лалора. Иза вен шен ницкъ кхаьчча, шегахь майралла а, доьналла а хилча, ша вийча, иза къайладер дуйла а хиъча, бӏаьрнегӏар ца тухуш, Зеламха вуьйр вара цо. Амма Дала цунна ницкъ ца беллера. Иза лоха, эгӏаза стаг вара. Дала цунна майралла а ца йеллера. Иза кӏилло, цӏоьллак, гӏизбе стаг вара. Цундела, ша йуьстах а вуьсуш, Зеламха кхечара вере сатуьйсура цо. Салташа, чӏирхоша, хьаъа а – кхечара.
Цхьана буса гергарниг волчохь тӏаьххьалц сакъоьруш а ӏийна, цӏа вогӏуш, ткъех гӏулч шена хьалха воьдуш стаг гира цунна. Дукха сирла дацахь а, беттаса дара. Лерина хьаьжча, оцу стеган цхьана белшах кхозуш топ, вукху белшах кхозуш дуьзна таьлсаш а гира цунна. Асхьабана йуьхьа дуьхьал ца хьаьжча а, букъах а, боларх а, дегӏ лелорах а бевзара шен йуьртахой. И стаг Хорачара вацара. Цкъа дагадеара цунна, иза цхьанна къола дина, воьдуш ву-те аьлла. Хӏан-хӏа, къола дина воьду стаг йуьртан уггар боккхачу урамехула иштта маьрша гӏур вац. Обарг ву-те? Зеламхин накъост? Асхьабан хье цӏеххьана самабелира. Бутт сов хан йу Зеламхин хабар доцу. Цхьанхьа къайлаваьлла, иза дӏатийна ӏен. Хорачана гондӏарчу лаьмнашкахь ву бохуш, хабар а ду.