Ткъа Зеламха волу меттиг йийцинчунна лур дуй-те ӏедало ахча? Иза ца кхайкхийна. Делахь а, пхи эзар сом ца луш ӏийр бац. Эзар сом делча а, тоуьйтур дара Асхьаба. Тӏаккха, Хорачахь-м хьовха, Хулхулоца а, Бассаца а йолчу йарташкахь цхьаьннан доцчу тайпана даккхий, дика цӏенош хӏиттор дара, ши говр, гӏудалкх, бежанаш, уьстагӏий оьцур дара цо. Хӏокху агӏор уггар воккха хьолахо хир вара цунах. Цхьа а сом ца делча а. Хӏумма а дац. Цара Зеламха вийча а тоьу цунна. Асхьабан дог ӏебар ду.
Мотт хьош, гена ваха а ца дезара. Массо а йарташкахь лаьтташ таӏзархойн отрядаш йара. Хорачахь а йара пластунийн, гӏалагӏазкхийн отряд. Цуьнан начальник ву полковник Мокрицкий. Амма Асхьаб цунах ца теша. Веданара полковник цул лакхара ву. Округан начальник. Шолгӏачу дийнахь Караловна тӏевахара Асхьаб. Цуьнга ахча хьахийра цо. Зеламха волу меттиг йийцича, мел ахча ло ӏедало аьлла. Каралов, бат раз озийна, меха йохка ирйеш санна, мекхийн йуьхьигаш ийзош, вела а ийзош, вехха Асхьабе хьийжира, дуьххьара шена гучу тамашийнчу экхане санна. Баккъал а, Асхьабан сурт гуттаренна шен даг чу дижо санна, хьоьжура цуьнга подполковник. Коьса йуьхь, готта хьаж, воьда мара, хье тӏе хевшина пхьидачарех тера даккхий, цхьа а тайпа бос боцу бӏаьргаш, дуткъий балдаш, кӏеззиг логах къаьсташ чӏениг. Йерриг схьалаьцча, мукадехкачух тарйелира цунна Асхьабан йуьхь. Кӏилло, сутара, стешха, йамарт стаг аьлла, мах хадийра цо шен хьешан. Цунна бӏаьрга ган ца безара и тайпа нах.
– Зеламха дийна йа вийна ӏедале схьавеллачунна кхайкхийна ахча, – элира цо, цигаьрках боккха баьккхина кӏур чу а оьзна, Асхьабан йуьхь-дуьхьал схьа а хьоьжуш. – Иза волу меттиг йийцинчунна ца кхайкхийна. Иза вийна йа дийна ӏедале схьавеллачунна кхайкхийна. Амма ахь йийца йеза Зеламха волу меттиг. Ца йийцахь… – начальникан бӏаьргаш цӏеххьана ткъесах къегира. – Ца йийцахь, ас тховссехь набахти чу кхуссур ву хьо. Тӏаккха Сибрех вахийтина, цигахь вахкор ву.
Цкъа коьрта тӏера массо чо ирахӏоьттира Асхьабан, тӏаккха когашкара хьала дегӏе шело хьаьдира. Мотт толкха а лелхаш, йийцира цо Зеламха къайлаваьлла меттиг. Хьех мичахь йу а, цунна тӏе мичхьахула ваха веза а.