Зеламха шен кисанахь ву, ша иза, когех-куьйгех буржалш тоьхна, дийна йа вийна, цӏийша а вуьзна, сарале Соьлжа-Гӏала дӏавалор ву бохуш, Караловс стомара гӏалахь дина дозаллаш сихха даьржира Веданахь а, гондӏарчу йарташкахь а. Зеламхех дог лозуш, гондӏарчу йарташкара дуккха а нах гулбелира кхуза шолгӏачу дийнахь ӏуьйранна а, тахана а. Уьш Хулхулон тогӏи чохь а, лаьмнийн басешца а кегий тобанаш йина лаьттара. Салташа дӏачехабарх а, дӏа ца бовлура цигара.
Сийсара дуькъа дохк хӏоьттинера тогӏи чу а, лаьмнашца а, масех гӏулч дехьара хӏума а ца гуш. Иза дӏадаллалц хьеха тӏе йоккха топ йеттар сацийнера Караловс. Ӏуьйранна исс сахьт долуш, дохк дӏа а даьлла, малх кхетта, серладевлира лаьмнаш. Хьеха чохь тийналла лаьттара. Караловн омрица хьехан бертиг тӏе мосазза а тоьпаш туьйхира салташа. Амма цигара схьа топ ца йолура.
– Хьехахь Зеламха вац, моьтту суна, – элира Караловна тӏевеъначу прапорщика Гамиевс. – Ша цу чохь хилча, дуьхьал топ ца кхуссуш ӏийр вацара иза.
Цунах шек Каралов ша а вара, делахь а теша ца лаьара.
– Цигара ваьлла, мича гӏур вара иза? Цхьана мекарлонна дӏатийна хир ву, – кхоьлина жоп делира цо.
– Ахь пурба делча, хьеха чу хьажа гӏур вара со.
– Хӏун дуьйцу ахь? Цо, топ тоьхна, къиг санна, вожор вара хьо!
– Хӏетте а, пурба лохьа суна.
Гамиевна пурба ца делира Караловс. Тогӏи чохь лаьттачу нохчех цхьаъ шена тӏе а кхайкхина, иза хьажийра цо хьеха чу. Киртигашна тӏехула халла хьалаваьлла нохчо, пхеа минотехь гергга цу чохь а лаьттина, хьехан бертехь гучувелира.
– Кху чохь цхьа а вац! – лакхара охьа мохь туьйхира цо.
Массо а цецваьлла, ӏадийча санна, лаьттара.
Караловна дагаеара хьеха кӏел тогӏи чохь сийсара салташна карийна мунда. Салтий кхеро Зеламхас йина забар хир йу иза аьлла, хӏетахь ойла ца йира Караловс. Хӏинца цуьнан коьртехь масех тайпа ойла гӏеттира. Цхьа мекарло а йина, дӏавахана-те иза? Муха? Мичахула? Хьан гӏо дина? Салташна, гӏалагӏазкхашна йукъахь йамартхо хуьлийла а дац. Дегӏастанхойн дошлошна йукъахь? Хуьлийла а дац. Зеламха церан мостагӏ ву…
Каралов и ойланаш йеш лаьтташ, ткъех нохчо, бердах хьала а ваьлла, хьеха чу вахара. Царна тӏаьхьа, зингатий санна, хьалагӏертара кхин а.