Цигара дӏа Соьлжа-Гӏала а дигна, суьдехь хенаш а тоьхна, Сибрех хьовсийра. Хӏунда? Оха йалийна йоӏ махкатӏхойн йуьртдена шен кӏантана йезарна. Иза тхан йуьртден хьаша волу дела. Уьш берриг а ӏедалан хьаькамаш, бартахой, сан а, со санначеран а мостагӏий болу дела. Тхо кӏелхьардоху шаьш бохуш, тхо да мел долу хӏума а доьхкина, аблакатана делла ткъа туьма а, хи чу тесча санна, дайра. Баьржина дӏабахара, тӏера боьрша нах дӏабевлла, тхан миска бахам а. Полконака шена дина эхь а, тӏебеана бала а ца лабелла, аравелира къена ден да. Сибрехахула хьийзийна, йуха а Соьлжа-Гӏала набахти далийра тхо. Дов йуха хатта. Амма Чорний йуха а тӏетаьӏира тхан гӏуллакхна. Цунна хаьара, оцу чуьра со араваьлча, шена хиндерг. Хьалхалерра хенаш тӏехь йисира тхуна. Ӏизраил набахтехь кхелхира. Со ведира. Сибрех кхеравелла а ца ведира. Ӏожаллех озавелла а ца ведира. Суна ца дицлора Чорнис сайна тоьхна тӏара. Суна ца йицлора Добровольскийс, сайн ден ден сира маж а лаьцна, йина йаппарш. Ца вицлора тхоьгара дӏайаьккхина йоӏ шен кӏантана йигна махкатӏхойн йуьртда. Цундела ведира со. Ца йицлора Ведана гӏап а – и кхахьпанийн, хьакхарчийн тунгаре. Цундела ведира со. Царах нийсонан бекхам эца. Халкъан мостагӏех бекхам эца. Сайн дегӏа чуьра са дӏадаллалц царах лета, уьш къинхетамза хӏаллакбан.
– Амма ӏедало шен зорбанехь ца боху хьо хьалкъан маршонехьа ӏедална дуьхьал къуьйсуш ву. Хьо оьрсашна дуьхьал, оьрсийн ӏедална дуьхьал ву, хьо талорхо, адамашдайархо, стешха стаг ву бохуш, кхайкхаво. Хьо цавевзарш теша оцу аьшпех, къаьсттана кхечу къаьмнех адамаш.
Зеламхин бӏаьргаш цӏеххьана кхоьлира. Куьйга корта а лаьцна, шен гӏайгӏане ши баьрг цӏерга а боьгӏна, вехха ӏийра иза, ойла йеш. Левси санна, ийалора цуьнан шуьйра накха.
– Хаьа суна. Амма уьш цхьа а бакъ дац, – элира цо, доккха са а даьккхина. – Со а ца лела хазахеташ. Цхьа минот йац синтем болуш. Наггахь нехан хӏусаме нисвелча бен, бовха кхача ца буу ас, кӏедачу, бовхачу метта охьа ца вуьжу. Йисина йерриг хан, акхачу экхано санна, хьаннашкахь, лаьмнашкахь токху ас. Йерзинчу стигала кӏел, ӏай а, бӏаьста а – массо а хенахь. Со цхьаъ хилла ца ӏа иштта лелаш. Делахь а со адамашдайархо вац.