ӏийр дац кӏантана са ца гатдеш. Амма ас тешам боллуш цхьаъ олу хьоьга. Тахана дуьйна дӏа хьан а, Соипан а дола дан со ваша ву хьан. Хӏокху махкахь уггар тоьлла адвокат а карор ву суна, цунна дала ахча а хир ду. Йуьртахь ши-кхо де а даьккхина, Соипан гӏайгӏа бан аравер ву со. Нагахь санна и гӏалагӏазкхи дийна висинехь, хан ца тухуьйтуш, цӏа валор ву Соип, иза веллехь, уггар лахара хан а тухуьйтур йу. Дала мукъалахь, и гӏалагӏазкхи велла а хир вац, Соип цӏа а вогӏур ву. Соип Делан кара лур ву вайша, ткъа ас сайн ницкъ кхочу бахьанаш лелор ду. Варийлахь, Деши, цунах хьайна бала ма белахь, Деле хьайна собар дехалахь. Гӏийлачу адамех къинхетам беш ву хьуна Иза, Соип хьуна цӏа вало ницкъ болуш а ву хьуна Иза.
– Ахь дуьйцучух теша со, Овхьад. Уггар сан де доьхначу дийнахь, дог эккхал, хьер йаллал со бӏарзйеллачу дийнахь, орцах вала ваша воцуш со цхьа йисинчу дийнахь суна тӏе ваша кхачийначу Дала сан кӏант шен декъазчу нанна йуха а лур ву. Алхьамдулиллахӏ, хастам бу-кх ницкъ болчу, къинхетамечу, комаьршачу вайн Далла. Цо динчунна реза ду-кх вай, Цо собар а лур ду вайна. Хӏинца со паргӏат йу хьуна, сан ваша…
Пхьуьйра хан хила гергайахча, цхьана гу тӏе и шиъ хьаладаьлча, цаьршинна хьалха гучуйелира Яьсси-хин аьрру йистехь, лекхачу берда тӏехь, нийсачу меттехь йаьржина ӏуьллу ӏаьлара. Йуьртахь чиркхийн гӏийла серлонаш а, тхевнаш тӏехула нийсса хьалаоьхуш кӏуьраш а гора.
Овхьада доцца дийцира Дешина дӏадаханчу ткъе ворхӏ шарахь шен хиллачу кхолламах. И беха некъ беш Овхьада шайн доьзал а, гергара нах а ца хаьттира, ткъа Дешис уьш а ца хьахийра. Дешис уьш ца хьахийча, Овхьад шеквелира, шен доьзалехь сингаттамаш хиллий-те аьлла. Ӏаьлара чукхачале цунах дерг хаа лиира Овхьадана.
– Тхайчарах белларш-биснарш а муьлш бу, Деши?
Деши йоьхна хьаьвзира.
– Дийцал ахь, бохамаш хилаза цхьа а вац, массарначул а тӏех хьуна хилла.
– Делахь, Овхьад, йуьртах а, махках а, халкъах а ваьккхина, халонаш-баланаш а лайна цӏа вогӏучу хьан тӏе а дог ӏовжо ца лууш ма ӏийра со-м. Ас хӏинца цадийцарх, кхана хьуна хьайна а хуур ду дерриг а. Ӏожалла Делера йу, Цо кхоьллина массо а са дала дезаш ду, дийна висинарг шен де тӏекхаччалц, собаре а хилла, ваха везаш ву.