бу уьш. Жимачу вайн йуьртахь а оццул хилча, йакхкхийчу йарташкахь, йерриг а Нохчийчохь мел дукха хир бу уьш. Ткъа и божарий тӏамехь байъича, йа Сибрех бахийтича, дола дан верасаш боцуш бисина жоьра зударий, бобераш, къенанаш, заьӏапхой? Тӏамо цӏенош дагийна, бахамаш хӏаллак а бина, чуберза хӏусамаш йоцуш бисина эзарнаш, бӏе эзарнаш доьзалш? Тхуна, наношна, тӏом ца оьшу. Оха тӏамехь дайъийта деш ма дац бераш. Даха деш ду. Къам дебо, къам кхио. Къанделла кӏелдисча, тхаьшна гӏортор, гӏовла хилийта. Дай, вежарий, майранаш, кӏентий тӏамехь байъича, оха, наноша, зударша хӏун до хӏокху дуьненахь даьхна? Тхоьга ларлур йуй къоман маршо, бусалба дин? Болатал а, Соипал а тӏаьхьа суна маршо а, нийсо а ма ца оьшу. Дуьне а ма ца оьшу. Хӏетте а кхета, хьекъале бахка дагахь а бац нохчий. Хӏара тӏаьххьара цхьа ткъе итт шо лаьттинера тӏом боцуш, наной ца белхош, машаре. Цул хьалха шаьш лайна халонаш а, баланаш а, шайна хилла бохамаш а, дерриг а дицдина, йуха а изза къематде хӏотто, тӏом боло гӏерташ карзахбевлла нохчий. Хӏокху аьхка Нохчмахкара цхьацца йарташ ӏедална дуьхьалъевллера. Шаьш паччахьан ӏедал дӏадоккху бохуш. Цига далийнчу эскарша тӏе йаккхий тоьпаш йитти царна. Нах лийци. Кхета, хьекъале а, иймане а бахка дагахь а бац нохчий. Массанхьа а къоланаш, талораш. Вайн жимачу йуьртахь а барт бац. Масех тобане а бекъабелла, вовшийн мостагӏий а хилла, жоьжахатахь санна, хан токхуш бу. Эхь-ийман а, йахь-оьздангалла а, къинхетам а бохурш дӏадевлла. Хаац, нагахь санна кхин иймане, хьекъале ца дагӏахь, дуьне а, эхарт а декъаза хир ду-кх вайн къоман…
***
Нохчийн округан начальникан полковникан Белликан омрийн журнала тӏера
1857 шо. 29 август. № 18.
Аш йарташка балийна молланаш го суна. Царах цхьаболчарна йоза-дешар ца хаьа, шайн декхарш а ца хаьа, тӏехула тӏе данне а хьекъал а дац церан. Хӏетте а йуьртдайн гӏуллакхашна йукъа а гӏерта уьш.
1857 шо. 13 сентябрь. № 21.
Зуламхо, къу ӏедале дӏавийцар а, суьдехь цунна тоьшалла дар а эхь лору нохчаша, ткъа къола, талор, кхидолу зуламаш дар эхь ца лору. Цундела нохчашна йукъахь ун хилла даьржина къоланаш, талораш, кхидолу акха гӏиллакхаш а, гӏуллакхаш а. Мелла а низамечу