Правительствон а тешамечу, муьтӏахьчу нохчех вовшахтоьхначу агентурехула суна хаьара Зеламхас а, цуьнан гӏерано а дӏа мел йоккху гӏулч, уьш мичахь бу а, уьш тӏеоьцурш, царна гӏодийраш, уьш ларбийраш муьлш бу а. Оцу агентуран хаамашца сан аьтто хуьлура разбойникашна тӏаьхьа талла а, цӏеххьана а, хаддаза а дечу тохаршца цуьнан гӏера йохо а. Цундела хӏокху тӏаьххьарчу шина шарахь Зеламхин аьтто ца хилира вайна зене-зуламе даккхий тӏелатарш дан, ткъа кегийчу тӏелатаршкахь сан отрядо лоьцуш а, бойуш а цуьнан накъостий кхачабелира.
Иштта, даим а цунна уллохь, цунна тешаме висинчу исс разбойниках 1911-чу шарахь кхоъ вийра, пхиъ дийна схьалецира. Царах шиъ тӏеман-аренан суьдан кхелаца ирхъоьллира, йалх шераш хенаш тоьхна, кхоъ каторге вахийтира. Чов хилла цхьаъ кӏелхьарваьлла, ведда, Хонкара вахана, хӏокху махкара дӏаваьлла. Царах хаьдда, цхьа висина Зеламха вайна кхераме вацара, таллархойх уьду экха санна, цхьанхьа саца ца ваьхьаш, гена лаьмнашкахула, йуькъачу хьаннашкахула ведда лелара иза. Халкъа йукъахь цуьнан хьалхалера сий-ларам дӏабаьллера. Цундела хӏокху махкахь шена маршонах, синтемах дог диллина, ведда, Хонкара ваха сацам хиллера цуьнан. И шен ӏалашо кхочушйан аьтто ца хилира цуьнан, хӏунда аьлча Шелана уллорчу цхьана кӏотарахь цунна тӏекхиъначу отрядо вийра иза.