– Шун дехар кхочушдан бакъо йац сан, – элира Степановс. – Со областан начальник ма вац. Цуьнан гӏоьнча ву. Цо аьлларг дан дезаш.
Хьала а гӏеттина, вист ца хуьлуш, ши куьг букъа тӏехьа а лаьцна, мосазза а дӏасаволавелира инарла. Тӏаккха араваьлла вахана, цхьа зуда а йалош, йухавеара.
– Ольга Михайловна, хӏара шиъ Зеламхин зуда а, йоӏ а йу, – тхо довзийтира цо. – Ткъа хӏара областан начальникан зуда Ольга Михайловна йу.
Хӏун дара а, хаац, бӏаьрг ма-кхийтти, оцу зудчуьнга безам бахара сан. Тӏейуьйхина, дегӏа тӏейуьжуш, баргӏатан йеха коч, когахь оццу басахь туфлеш, кочахь дашочу зӏенах тесна деган суьртехь дашо мидал йара цуьнан. Ӏаьржа йеха ши чӏаба, хаза ӏаьржа цӏоцкъамаш, йехо ала мегар долуш йуьхь, халла хаалуш хьалахьаьвзина мара, ховха цӏен балдаш долуш, шовзткъа шо хенара зуда йара иза. Со мара а къевлина, йилхира иза. Оьрсийн гӏиллакхехь кадам а бира тхойшинга. Нохчашна моьтту, оьрсий, керстанаш берриг а къиза бу. Тхаьш Сибрех диггалц, суна а моьттура. Амма цигахь хиира суна дукхахболу оьрсий къинхетаме а, догцӏена а хилар. Хӏетте а инарлин зуда иштта къинхетаме хир йу, ца моьттура суна.
– Сан майра, Сергей Николаевич, цӏахь вац, – элира цо, гонаха хаза тир йаьккхина кӏайн жима йовлакх бӏаьргех а хьаькхна. – Суьйранна цӏа кхочур ву иза. Сайн йишина а, йоӏана а санна, гӏо дийр ду ас шуьшинна. Тховса буьйса йоккхуш гӏалахь саца, кхана ӏуьйранна ас дикачу агӏор кхаъ хазор бу шуна.
Буса цигахь ца йисира тхойша. Соьлжа-Гӏала йухайирзира. Шолгӏачу дийнахь Караловс шена тӏекхайкхира нана. Цуьнца со а йахара.
– Областан начальнико бакъо йелла Зеламхин дакъа шайна луъучу дӏадолла. Амма иза схьавоккхуш, дӏавуллуш дукха адам ма гулдалийта аьлла. Шовзткъа стагал совнаха цхьа стаг а ма хилийта.
Шелан йуьртдега, пурстопе кехат а йаздина, тхойша цига хьажийра Караловс. Областан а, округан а начальникаша дихкинехь а, дукха нах гулбелира дакъа схьадоккхуш. Уьш дӏалахка гӏиртира цига балийна дегӏастанхойн дошлой. Амма нах хӏора минотехь тӏеттӏа алсам гуллора. Цхьана нехан керта а ваьхьана, цӏанвина, марчо а хьарчийна, бусалба динехь, нохчийн гӏиллакхехь Шелан кешнашка дӏавоьллира иза. Тхо а дахара кешнашна тӏекхаччалц. Тхуна тӏе а богӏуш, наха кадам бора тхоьга: