Мичахь бу-те ткъе берхӏитта шо хьалха ас кхузахь битина сан доьзал? Йиша-вешех а, доьзалх а ваьлла, цӏа-цӏе а доцуш, къанвеллачу хенахь, гӏаж санна, цхьалха висина со гуш ву-кх Хьуна. Со хьанна хьашт хир ву-те, со хьан тӏелоцур ву-те? Йалхитта шарахь тӏеман цӏергахула со чекхвуьйлучу хенахь Ахь ӏожалла йинехьара сан… Хонкаран махкахь вешина уллохь Ахь ӏожалла йинехьара сан… Йа генарчу, шийлачу Сибрехь, сан накъостийн санна, сан ӏожалла хилийтинехьара Ахь… Нагахь санна керла, тӏе а къаьхьа баланаш ӏийша Ахь со ларвинехь, тховса ӏожалла лохьа суна, хӏай ницкъ болу Дела…
Мохь тоьхна цо болийна кхайкхам, тӏаьхь-тӏаьхьа лахлуш, шабаре белира. Кхохкийнчу бӏаьргаш чуьра йуьхьанца къорра ледда хиш, дуьхьало хаьдча санна, хецаделира. Хеталора, цуьнан хӏора дош, къамкъаргехь кхехкаш, дуьхьалонаш кегъеш, арадолу. Воккха стага кхойкхура. Мохь бетташ а, шабаршца а, дукхахдерг бӏаьргашца дехарш деш а. Амма цуьнан кхайкхамна жоп ца хезара. Воккха стаг дӏатийра, амма ца тийнера цуьнан кийрахь хьере деттало дог. Иза десташ, эккха доллуш санна хетаделла, некхах катуьйхира цо.
Цунна шен кийрара кхагаран хьожа йогӏура. Иза воьлхура. Воьлхура, шена гонаха дерг а, ша дуьненахь хилар а дицделла. Иза хӏинца ойланца генна бералле дӏаваханера.
Бӏаьрхиша дуьхьал бода хӏоттийнчу цуьнан бӏаьргашна хьалхахула, хино текхо чалх санна, цхьацца-шишша дуьйлуш, чекхдуьйлура цуьнан дахаран ирча, къаьхьа денош…
…Кхузткъе кхойтта шо хьалха кхузахь, хӏинца иза тӏехиъна ӏен пенийн херцорийн барз болчохь, тӏе латта тесна тхов а болуш, лохачу, кегийчу цӏенойн мискачу хӏусамашкахь бехара цуьнан ден Абубакаран жима доьзал.
Амма хӏетахь дуьнена валазчу ӏелина ца доьгӏнера шен да а, иза чохь ваьхна цӏенош а ган. Ӏаьржа ӏожалла йохьуш, нохчийн йарташ сийначу цӏарах йагош, Яьссица хьалаволавеллачу инарлин Розенан йаккхийчу тоьпийн татано цхьана дийнахь дохийра гатийуьртахойн машаре дахар. Ӏелина ца хезира оцу йаккхийчу тоьпийн хӏоьънаша йурт отуш, цӏеран меттанаша цӏенош хьерчош а, ца хезира цӏеххьана оцу къематдийно хьере динчу дохнан акха ӏехар а, жӏаьлийн угӏар а, ца гира урамашкахула ӏохкучу декъашна кӏелхула йуьйлаелла цӏийн ӏовраш а.