Шаьш ӏехийнийла хиъначу нохчаша даймахка цӏа берза сацам бира. Шаьш даймахка цӏа берзийтар доьхуш, Кавказан сардале кехат йаздира цара. Сардало и дехар йухатоьхча, туркойн а, оьрсийн а ӏедалийн бертаза даймахка цӏа берза новкъа бевлира уьш. Ӏелина хьалха хӏоьттира хӏетахь туркойн-оьрсийн дозане кхаьчначу ши эзар йалх бӏе нохчочун сурт. Зударий, бераш, къенанаш. Чохь синош ду аьлча, стаг хала тешар волуш, беснаш мажделла, даьӏахкаш тӏе а йевлла, адамаш аьлча а, адамийн чархаш. Шаьш Россин дозане кхачар а, цигахь, туркойн эскарша шайна тӏе йаккхий тоьпаш йетташ, хӏоьттина сурт а. Оцу дийнахь туркойн эпсаро тапча тоьхна вийра ӏелин цхьаъ бен воцу ваша Аьрзу…
Шен ойланашца хьалха дӏадахана шовзткъа шо листина, хӏинца йуха а тховсалерчу буьйсанга вирзинчу ӏелин бӏаьргех мела хи хьаьдира, легашка шад хӏоьттира. Аьрзу вийна де дара цуьнан дахарехь уггар доьхна де. Дагабаьхкира кхузахь тӏаьххьара сахьт тӏехӏотталц шеца даймехкан маршонехьа къийсина, Хонкарахь шеца йерриг а халонаш лайна бӏаьхаллин накъостий: самукъане, амма дарвелча лоьмах тарло Мовла а, гӏийла-миска, амма майра, тешаме Мӏаьчиг а, даим буьрса, амма догдика Къосам а, мискачеран молла, хьекъале, оьзда, майра, доьналле Маккхал а. Мел дукха бара уьш, хӏокху декъазчу Нохчийчоьнан майра, тешаме кӏентий.
Хӏун хилла-те шух? Генарчу даймахке кхойкхуш, хийрачу Хонкарахь мацалла делла-те шу, йа, хӏетахь санна, дай баьхначу лаьтте, лаьмнашка, шайн халкъе сатуьйсуш лела-те шу цигахь?
Амма дуккха а халонаш эшош, новкъахь лечкъаш, цӏа вирзинчу ӏелин а ца хилира шен доьзалца маьрша, машаре ваха аьтто. Иза цӏа веана шо а кхачале, керлачу гӏаттамна кечам болийра Нохчмахкахь. Къонахчун декхаро, вешин весето бакъо ца лора цунна къийсамна йуьстах латта. Гӏаттам кечбечу тхьамданех уггар жигарчарех цхьаъ вара ӏела. Амма царна йукъа тарвеллачу цхьана йамартхочо уьш, къайлах ӏедале дӏа а белла, лецийтира. Итт шо хан а тоьхна, Сибрех хьажийра ӏела.