Тӏаме боьлху хенаш ма хилла церан. Аьрзу а, со а дуьххьара тӏаме воьдуш, цаьршиннал жима ма вара. Аьрзун вуьрхӏитта, сан пхийтта шо. Оцу тӏаме ца воьдуш ӏийна хир ма вац и шиъ. Ден чӏир йекха. Ден ден а, ден вежарийн а чӏир йекха. Оцу тӏамехь и шиъ вийнехь? Нагахь дийна висинехь, лаьцна, Сибрех вахийтинехь? Гур вуй-те суна и шиъ? Веза Дела, ахь динчунна, хьан кхелана реза хир ву-кх со…».
Ша буьйса йаьккхинчу керта вирзина ӏела, цӏа чу а ца воьдуш, ма-воьдду божали чу вахара. Хӏусамнанас сийсара хьехийна кхелли дӏайаккха дагадеара цунна. Рагӏун кертахь цхьана маьӏӏехь лерина тӏекӏелйиллинчу кхеллин боккха барз бара. Схьахетарехь, иза беша йаржо йахкайалийта гулйинера цига. Цкъа ойла хилира ӏелин, оцу кхеллих дан дезарг хӏусамнене хатта. Амма хьешан дагахь дерг хиъча, цо бакъо лур йацара и болх бан. Кертал дехьа беша а ваьлла хьаьжча, цигахь цунна карийра рагӏу чуьра схьатийсинчу кхеллин жима барз. Шеко йацара, рагӏу чохь йолу кхелли а оцу тӏе таса йезаш хиларан. Божали чохь шада а карийна, тӏера кетар дӏа а йаьккхина, хӏусамнанна ца хоуьйтуш, къайллах болх болийра цо.
Болх чекх а баьккхина, серагех дуьйцина динчу лохачу хьаьвди тӏе охьа а хиъна, садоӏуш, Яьссига хьажа ваха дагадеара ӏелина. Яьсси-хи чохь чекхйолура кхузарчу берийн йерриг а аьхке. Цхьаццанхьа тогӏин шина агӏор лекха бердаш дара. Оцу бердашна кӏел, куьйгаш хьала а лаьцна, чу ирахӏоьттича, и куьйгаш а хьулдеш кӏорга айманаш хуьлура, тӏехула хьере бурош а хьийзош. Ханна даккхий бераш оцу айманаш чохь луьйчура, кегийнаш хи гомхачохь луьйчура.
Лийча кӏордийча, йа гӏамарлахь керчаш, малхехь ӏохкура бераш, йа тӏехь бедарш а йоцуш, дерзина, бердашца хьаладуьйлура, олхазарийн баннаш чуьра йа хӏоаш, йа кӏорнеш схьаэца. Бӏаьстенан йуьххьехь дуьйна ӏа герга гӏортталц оцу бердашца хуьлура бес-бесара олхазарш. Хьаргӏанаш, къийгаш, алкханчаш, кхокхий, бухӏанаш, чӏегӏардигаш, маьрсаьлдигаш, тайп-тайпана хьозарчий а. Бердашца харанаш а, ӏуьргаш а чохь баннаш хуьлура церан, дукхахдерш адам тӏе ца кхочехь. Церан маьхьарша Яьссин гӏовгӏа а къарйора.