хӏоттийна, Тасухин куьг лаьцна, цунна даггара баркалла элира некъахочо. Тӏаккха, коьртара картуз дӏа а йаьккхина, кисанара схьадаьккхина йовлакх тиллачу коьртах а, йуьхьах а хьаькхна, гондӏа бӏаьрг туьйхира цо. Уггар хьалха цунна гира базаран майданна тӏехула айаделла лаьтта йеттинчу кибарчигех дина доккха цӏа. Шуьйрачу неӏаран а, шина коран а тӏехуле дӏалоцуш тоьхначу сийна басар хьаькхначу анна тӏехь ӏаьржачу элпашца доккха йаздина дара: «Товары купца Носова». И цӏа а, и туька а, йа хӏара базар а йацара ткъе ворхӏ шо хьалха, хӏара некъахо кхузара дӏавоьдуш.
Шен чамда кара а лаьцна, базар йукъа велира некъахо. Вевзарг гаре догдохуш, лерина нехан йаххьашка а хьоьжуш, базархула масех го баьккхира цо. Цунна бевзарш хила а тарлора кхузахь, амма оцу ткъе ворхӏ шарахь церан йуьхь-сибат цадовззал хийцаделла хир дара. Вевзарг карорах дог а диллина, зударийн базар йолчу а вахана, цхьаьнгара эцна нехчин межарг, газета йукъахьарчийна, кисана а таӏийна, йуьстахвелира иза.
Хулхулон тогӏи чу боьдучу новкъа цхьа-ши бӏе гӏулч охьа а вахана, аьтту агӏор дӏахьаьвзина, стоммачу, лекхачу, бурсанечу попа кӏел хаза тодинчу шовданна гергахьо сецира.
Попан зоьрталчу орамашна бухара схьадуьйлу шовда тодинера, стеган локхаллин барамехь тӏулган экъанех кхаа агӏор пен а боьттина, тӏехула герагийн жима тхов а тиллина. Пенна йуккъе йоьллинчу аьчган биргӏи чухула комаьрша схьадогӏучу сирлачу хи кӏел гӏели диллина цӏестан кӏудал а хӏоттийна лаьттара йалхитта-вуьрхӏитта шо хенара шега хьоьжуш ӏалла хаза йоӏ. Шовданна герга веана стаг гича, кӏудал хи кӏелхьара дӏа а йаьккхина, пенах боьллинчу хьостамах кхозу кхийра зока схьа а эцна, некха тӏехула охьакхозу стомма, йеха ӏаьржа кӏажар, йайн ластийна, букъа тӏехьа а тесна, стагана тӏе а йеана, цуьнга хи кховдийра цо.
Некъахо масех секундехь лаьттира, зока схьаэца эс ца кхочуш. Оцу секундашкахь цунна карладелира ткъе иттех шо хьалха хӏоьттина сурт. Хӏетахь, Буритӏахь дешна а ваьлла, гуттаренна а винчу йуьрта цӏа вирзича, хьалхе дуьйна а шен безам баханчу йоӏе дагара дийца хин коьрте вахара иза. Цунна йезаелларг а йара хӏокху йоьӏан хеннара, оццу дегӏахь,