бохург ца до, цара дин хьолахошна, ницкъболчарна пайдехьа хьийзадо. Паччахьаш а, церан хьаькамаш а, церан ӏедал а Делера ду, уьш Делан лаамца лелаш бу, царна муьтӏахь хила деза, дуьненахь халонаш, баланаш лайнарг эхартахь декъала хир ву бохуш, хьоьху динадайша къехошна. Амма шаьш хӏокху дуьненахь декъала хила гӏерта, дуьненан хьал-бахам гулбо цара Дала хьарамдинчу некъашца», – дуьйцура цуьнга Петрос.
Цуьнан дешнаш бакъ хилар чӏагӏдира тахана гуламехь къамел динчу Хьуьса-Моллас.
Ӏела оцу ойланех йукъахваьккхира уьйтӏа деанчу когийн татанаша а, зударийн аьзнаша а. Ӏелин бӏаьргаш неӏарна тӏебогӏабелира. Ткъе берхӏитта шо хьалха ша цунах дӏакъаьсташ ма-хиллара, къона Айза оцу неӏарх чоьхьайаларе ладоьгӏура цо. Амма неӏарх чоьхьайаьлларг кхин зуда йара. Карахь ӏаса а йолуш, букархьаьвзина йоккха стаг…
Ӏаса неӏаран соне а хӏоттийна, коьртах хьарчийна доккха кӏинжийн кортали схьа а даьстина, несан кара а делла, хьеше маршалла а хаьттина, товханна хьалха кхакханан миндар тӏе охьахиира иза.
– Алахьа цуьнга, ӏусман, хьо гича, сайн кӏентан да, денвелла, цӏа веача санна, хазахийти суна, тхо цадицдарна нанас баркалла боху хьуна, алий.
– Суна цкъа а ца вицлора ӏела а, хьо а, шун доьзал а. Ас дукха сатийсира шу гаре. Амма хӏара дуьне вайн лаамашка а, сатийсамашка а ца хьоьжу. Вай вовшашна ца гуш йаьккхина хан ас хӏокху махкана генахь йаьккхина. Хено а, замано а къандина вай. Кхечухьа тӏеттӏакхаьчнехь, вовшийн девзар а дацара вайна.
– Бакъду иза, Андри. Шовзткъа шо гергга хан йу вайна вовшийн ганза. Амма суна цкъа а ца дицло со ӏеле йеанчу шарахь, тхойшиъ тхаьшшиннан бен тарбан гӏерташ, эшамо Оьрза-Гӏала далийча, ахь тхойшинна дина гӏуллакх. Тхойшинна йетта гӏалагӏазкхий тӏегулбелча, Корнес кӏелхьардаьккхира. Ахь шайгахь буьйса а йаккхийтина, маьхза тхойшинна оьшург а йелла, шолгӏачу дийнахь новкъа а даьккхина, цӏа хьажийра. Ас сих-сиха дуьйцура иза шина кӏанте… ӏусманна а ца дицделла иза…
Айзин кӏоргга хьех чуэгначу кхоьлинчу бӏаьргаш чуьра схьаӏийдало хиш, цуьнан беснеш тӏерачу хебаршна йуккъехула меллаша сетташ, хьийзаш, охьадуьйладелира.
Вист ца хуьлуш, лерина цуьнга хьоьжуш ӏачу