Цунна-м ца оьшура кхин хӏокха дуьненачохь кхин хӏумма а, иза иштта а йара ша́ ирсе́н ло́руш. Амма цхьана дийнахь цициган кӏорни мерза шура а йиина набарна тевжинчуьра самайаьлча цунна кхин ца гира ше́н хӏинццалца самукъадоккхуш долу бес-бесара хӏозаш. Иза цӏеххьана хиллачух чӏо́гӏа кхерайелла йисира, ӏадийча санна. Цуьнан бӏаьргашна хьалха гуш йара ах сахьайелйеллачу инзаре йоккхачу багахь могӏа бина йолу ира йаккхийра цергаш.
“ К-х-х! “- аьлла букъ а саттийна, ше́н жимачу цӏоганах хӏоз бина, дуьхьала тасайалан дагахь, кечйелира цициган кӏорни. Амма оцу цергашна йуккъехула цӏеххьана а́рабеанчу цӏен басахь бовхачу матто кхуьнан бӏаьргаш тӏехула хьакхалуш дуьне серладаьккхира. “Мур-р-р!”-аьлла хьастаро кхерайаларна чуьрадаьлла са йуха меттада́лийра. ”Хӏара хӏун ду су́на гуш дериг, стенга дахана сан бес-бесара гонаш? – цец деина йисине́ра цициган кӏорни. Амма сиха дицде́лира цунна ше́н хӏозаш, гонаха хьаьжича. Хӏара хьоьстуш бара не́нан баьццара хаза ши бӏаьрг, доккхачу корехула чухьожуш бара тӏехь бӏаьрг ца сацалуш хаза мо́жа боккха го-малх а. Йоккхачу паднарна тӏетесина ӏуьллучу йоккхачу кӀе́дачу гоьна тӏехь шорта меттиг бара ловзан а. “Хӏара дуьне-м цхьана гонех лаьтташ ма ца хилла!”- самукъаде́лира цициган кӏорнин. Уггаре а хьалха не́наца ловзан дуьйлира иза, амма кестта и ловзар а дитина доладе́лира иза шена гонаха гуш долу доккха дуьне довзан, иза ӏамон. Йуьхьанца-м паднар бен йа́цара цуьнга таллалура йолуш, амма кестта, цхьажимма йоккха хилчхьана тешна дара, иза кхин а ге́на йериг хилар – малхо серладаьккхинчу доккхачу дуьнене.
2004шо