Сахиллалц лета ма лета иза. Цунна берзан хьожа а ма кхета…
— Нана, борз бен, кхин цхьа а вон хӀума ма дац, даций?
— Борз санна вон хӀума-м дац, кхин а дуккха дан-м ду уьш.
— Кхин хӀун ду, нана?
— Урс а ду, кӀода а ду, уггар вон — Ӏовдал Ӏу а ву, йуха аьрзу а ду.
— Ӏу Ӏовдал а хуьлу, нана?
— Хуьлу. Жа шайн моккъа дажа ца дуьтуш, цхьана метта хьийзош, тӀелоьхкуш верг вон Ӏу ма ву. Олуш ца хезна хьуна уьстагӀо:
«БӀаьста со со хьалагӀатталц ца Ӏуьллуьйту волу Ӏу ма хуьлда сан — со хьалагӀаттале керла буц тӀейолу; гурахь со со гӀатталц Ӏуьллуьйту волу Ӏу а ма хуьлда сан — со бижинчуьра гӀаттале буц йакъало гурахь», - олуш.
— Ца хезна… Нана, аьрзу хӀун йу тӀаккха?
— Цхьа даккхий тӀемаш а долуш, стигалхула хьийзарг аьрзу ду-кх. Цо хьо санна болу жима Ӏахар дӀа ма хьо, нанна йуххера дӀабаьлча…
— Со цкъа а хьуна йуххера дӀа а бер бац, со… со…
— Ма балалахь, хьо боккха хиллалц.
— Со боккха маца хир бу?
— Хьой? Гурахь хир бу-кх. Хаза ларга а лергина, цӀан а белла, ши маӀа а йаьлла…
— Ларга хӀунда лоргу, иза хӀун ду, нана?
— Иза кӀода ду-кх, ас хьоьга дийцина долу. БӀаьста, гурахь — шозза Ӏожална кӀел ма дуьйшу вай, кӀоданца лоргуш.
— Со бедда-бедда дӀагӀур бу-кх, боккха ма хилли.
— ДӀабахча барзо буур бу, дӀабаха мегар дац…
— Ткъа ас хӀун дан деза! КӀоданах келхьара муха бер бу со?
— Хьо ларга охьабиллича, бетта а ца луш, Ӏадда Ӏилла беза. Тохабелча — хадабо. Хадийча — нӀаьний до, нӀаьний дича — цомгаш хуьлу, цомгаш хилча - урс хьокху.
— Нана, уьш дукха ма ду, соьга лелалур ма дац… уьш. Суна цхьа кхин хӀума…
— Хьуна хета иштта, уьш дукха ма дац. Дийнахь жана йуьстах ма лела, буьйсанна а жана йуккъе бижа охьа…
— Буьхьигаш-м ма ца йуьйшу жана йуккъе, дӀога, гой хьуна, тархашца лаьтта-кх, йуьстах а йевлла…
— Уьш барзо атта ца лоцу.
— Уьш хӀунда ца лоцу, нана, борз царах кхоьру?
— Ца кхоьру, цаьрга мохь болу, шаьш лаьцча. ТӀаккха жӀаьла лета. Йуха Ӏу гӀотту, топ а кхуьйсуш.
— Аса а хьокхур бу-кх мохь…
— Вайга мохь хьакха ма ца ло. Дала ца делла-кх вайна иза. Цундела ларбала ма беза хьо.
— Со-м ларлур бац, со иштта охьа а бижина, кхин хьала а ца гӀоттуш, Ӏуьллур бу-кх хӀуьттаренна, вон хӀумнаш дӀадовллалц…
— Нана йала хьан, иштта мегар ма дац. Дуьне ма ду хӀара, Дала иштта кхоьллина.