Буц йара шортта, шийла шовда а. ХӀара шена лиъча охьабуьжура, йуха хьала а гӀоттура. ХӀара Ӏаьхча — нана дуьхьал Ӏаьхара. ТӀаккха хӀара кхийс-кхийсалуш, бодий-бодий тӀе а боьдий, ненах бекхара. Йуха Ӏахаршца ловзура, вовшашна карраш а детташ, ида а уьдуш, дуккха а вовшах а кхетта, полларчий санна.
Дуьне хаза дара, сийна-баьццара маьлхан дуьне; Ӏахаран дуьне дара хаза, Ӏахар санна, жима а долуш; Ӏахарал а жима дуьне, цхьана ирсах, безамах, синкъерамах дуьзна долу, жима дуьне, горга, Ӏахар санна, хаза дуьне…
2003 ш.