Хьалхале́рачу за́манчохь цхьана де́н кхо кӏант хилла. Ша́ леш да́с шен кӏенташка аьлла:
— Хӏан-хӏа, сан кӏентий! Со вала воллу, цхьана меттехь аса лаьттах доьллина тӏорказ ду, цуьнан до́гӏа хӏунехдинчу меттехь ду. Со веллачул тӏаьхьа, пхи-йалх де даьлча, кхоь а цхьаьна, и до́гӏа а даккхий, цу тӏорказ чу хьажалаш.
Дукха хан йа́лале да́ кхетта велла це́ран. Вежарех лечкъина, жимах волчу вашас вахана тӏорказан до́гӏа даьккхина. Чухьаьжначу кӏантана тӏорказ чохь карийна сов дезачу ме́хан кхоъ жовхӏар.
Ца́рах цхьаъ лачкъа а дина, тӏорказ дӏа а къоьвлина, тохара санна, до́гӏа ша́ хиллачу дӏадиллина цо.
Пхи-йалх де даьллачул тӏаьхьа, воккхах волчу вашас аьлла шен шина веше:
— Хӏинца схьаэца, Вайн да́с аьлла до́гӏа, оцу тӏорказ чу хьовсур ду вай. До́гӏа схьаэцна, тӏорказ чу хьоьвсича, царна шиъ бен жовхӏар ца карийна.
Воккхах волчу вашас аьлла:
— Хӏокху чохь жовхӏар кхоъ хилла хир ду. Вайх цхьамма цхьа жовхӏар лачкъийна, хӏунда аьлча, вайн да́ хье́къал долуш стаг вара, вай кхаанна цӏарах цхьацца жовхӏар бен дуьллур да́ца́ра цо дӏа. Оццул кхетам болуш волчу цунна хуур дара, декъа а, дохон а йиш йо́цуш долу ши жовхӏар вовшашна йуккъехь декъа а, нисда а вайн барт кхетарг цахилар.
Цу тӏе а доьгӏна, су́на хета, оцу чохь жовхӏар кхоъ хилла, аьлла.
Мухха а цу тӏоьхула барт а ийгӏина, кхо ваша цхьана махкахь кхеле хууш, говза дов къастош стаг ву, аьлла, шайн дов цуьнга къастадайта, цига ваха араваьлла.
Дикка гена боьвллачу хе́нахь, воккхах волчу вашас аьлла:
— Кху новкъа, шен де́х а къаьстина, цхьа эмкал йахана-кх. Цул жимах волчу вашас аьлла:
— Йаха а де́ра йахана, тӏаьхьарчу аьрру когана астагӏа а де́ра хилла иза. Оцу шиннал а жимах волчо аьлла:
— Кху новкъа аша бо́ху эмкал йаха а де́ра йахана, аьтту бӏаьрг баьлла а де́ра хилла цуьнан.
Иштта хабар а дуьйцуш, хӏорш новкъа боьлхучу хе́нахь, и эмкал ца карош лела цуьнан да́ кхарна дуьхьал кхетта. Вокхах волчу вашас цуьнга хаьттина:
— Эмкал йайна-х ца лелий хьо? Цо жоп делла:
— Лела де́ра, — аьлла. Тӏаккха цул жимах волчо аьлла:
— Тӏаьхьарчу аьрру когана астагӏа йарий иза? Да́с жоп делла: