— Эмкал бӏаьрга а де́ра ца гина су́на, амма цхьа бакъ ду, иза тӏаьхьарчу аьрру когана астагӏ хилар хиира су́на, хӏунда аьлча, новкъа йаьллачу меттехь хьалхарчу шина коган, тӏаьхьарчу когех цхьана аьтту коган бен лар ца карайора су́на. Цу тидамца хиира су́на, иза тӏаьхьарчу аьрру когана астагӏ хилар.
Кхоалгӏчу вашас аьлла:
— Хӏокху стеган эмкал бӏаьрга а де́ра ца гина су́на, амма цуьнан аьтту бӏаьрг балар су́на хааран бахьана хӏара ду: даиманна а аьрру агӏор йа́жа кхийдаш йахарехь, цуьнан аьтту бӏаьрг баьллийла хиира су́на цу тидамца.
Кхе́ташонна хиинчу стага аьлла эмкалан де́га:
— Хьан эмкал кхара лачкъийна йац, хьайн эмкал кхечанхьа лаха йеза ахьа, хӏорш цхьа хӏуманна тидам боккхуш, кхе́там болуш нах хилла, цунде́ла оьвзина кхарна хьан эмкал.
Эмкалан да́ дӏавахана.
Цул тӏаьхьа кхе́ташонна хиинчу стага хаттар дина кхаа вешега:
— Хӏинца схьадийца шайн гӏуллакх.
Воккхах волчу вашас дӏадийцина шайн гӏуллакх а, шайн да́с дина весет а, тӏорказ чохь шиъ бен шайна жовхӏар ца карадар а, шайлахь цхьаммо цхьа жовхӏар лачкъийний-те́хьа, аьлла, шаьш вовшех шекхилар а. Иштта шега дийцича, оцу кхе́ташонна хууш волчу стага цаьрга аьлла:
— Аса цхьа хабар дуьйцур ду шуна, цул тӏаьхьа хаттар а дийр ду, цунна аша жоп делча, шун гӏуллакхана жоп лур ду аса.
Цо царна дийцина: «Дукха хе́нахь дуьйна цхьа кӏант а, йоӏ а хилла вовшашка чӏо́гӏа безам болуш, вовшашна сов дукха дезаш. Иштта и шиъ доллушехь, оцу йоьӏан на́ха, йоӏ кхе́чу махкарчу цхьана кӏанте маре йелла. Цул тӏаьхьа, и йигинчохь, той а, ловзар а дӏадирзинчул тӏаьхьа, йоӏ йа́лийначу кӏантана, и йолчу ваханчу буса, йоӏ гӏийла карийна.
Цо цуьнга хаттар дина: «Хьо гӏийла хӏунда йу? Хьо сох ба́ла хилла йоьлхуш йелахь, аса хьо йело йуьгур йу хьайн бабин баьрчче», — аьлла.
Йоӏа цуьнга аьлла: «Хьох ба́ла хилла ца йоьлхура со, цхьана йуьртахь дукха хе́нахь дуьйна су́на тӏе а хьийзина, су́на иза а везаш, цунна со а йезаш, цхьа кӏант вара сан. Аса сайн дагца чӏагӏо йине́ра сайн йукъах доллу доьхка цуьнга бен ца да́стийта, цунде́ла, и дагадеана гӏелйелле́ра со».