Хьу́на моьтту хир ду, на́на,
Хьо дӀайаьлча, дуьне доьхна,
Хьох дисначу Вайн ков-кертахь
ДӀатуьйш до́цу догӀа доьлху.
Моьтту хир ду, са ца хуьлу,
Малх дӀабузий, са ца дов а,
Хьо тӏехь йо́цу цӀе а, кхерч а
Пхьуьран ханна кхин ца тов а.
ХӀан-хӀа, на́на, хийцам бо́цуш,
Хьо дӀайа́ларх, дуьне-м лаьтта.
Ше́н рагӀ йеъча, Ӏа а дулу,
БӀаьсте́ йолу хӀокху лаьттахь.
Хийцам боцчу кху дуьненахь
Цхьаъ ду керла — цу хьан кӀентан,
На́на йо́цуш хила Ӏе́маш,
Халла когаваха гӏертар.