Хьан суьйрене вижа во́гӏуш,
Хьан ӏуьйрене гӏатта во́гӏуш,
Ца лелле́ра, ца лелле́ра,
Хьан гӏе́нашна вицлур бо́хуш.
Меттан марзо хьан дош долуш.
Деган лазам хьан къа долуш,
Ца лелле́ра, ца лелле́ра,
Хьо бен дагахь хӏума долуш.
Хьан некъашца ког галбуьйлуш,
Хьан тархашца букъ пелбуьйлуш,
Лелар бо́хуш ца лелле́ра,
Хьан дог кхаьрдарш тӏаьхьа боьлуш.
Йа мотт хууш мохк белара,
Йа мотт сецна со велара,
И хьан цӏарах хеза хабарш
Хӏун ду хаа йиш йелара.
Абдулаев Леча 1998 шо