Латийча сирнико дохк а йа́гайеш,
Йуькъа йу гуьйренан буьйса.
Со некъо куьг а лаьцна дӏавуьгу хӏинца.
Лаьа-кх, Нохчийчоь, хьан сирлачу тийналлех дӏаэн.
На́на,
Хьо сан а́га техкочохь тар тесна ӏа.
Хӏокху кӏиранахь со да́харехь ма лехалаш,
На́на...
Гуьйре.
Ладу́гӏу хан.
Сан дагца дохло хинйолчу а́хархойн
Назманийн о́рамаш.
Су́на хаьа,
Нохчийчохь
Кӏо́тарийн,
Жӏаьлийн,
Десачу ардийн
Гӏайгӏанаш му́ха лозу
Латийча сирнико дохк йагочу буьйсанна...
Хӏокху кӏиранахь со да́харехь ма лехалаш,
На́на...
Сох илли хилла, илли.
Со ган луучо соьга ладу́гӏур ду-кх ишттачу буйсанна.