A·ChechenАдам Ахматукаев - байташТо́баАдам Ахматукаев2342 words · page 5 of 22То́баБӏаьрхьалха бода а оьллина,Мотт ӏехабайтина со́баре,Лерса тӏедерзадеш моллина,Ас карладоккхур ду то́ба сайн.Де́къала со йухацӏинва́лар,Бе́р санна, гӏийла хир на́халахь.Молла а вохош — сох хинволу, —Сан то́ба дохор ду да́харо.