Цӏа́замаш мерза ду Даймехкан а́рахь,
Ахь дууш долчеран – бос бу.
Ве́расийн кхел йу хьо веддачех ла́ра,
Уойлайе ахь а – и дош ду?..
Лела-кха, де́къаза цхьа пал идош, хьо,
Аренца марзделла рицкъа.
Йуург а, мерг а йу кху цӏахь тхан, дош а
Сийлахь ду хьоьгарчу ницкъал.
Уггаре хьо́ме́ниг херйинчу хьу́на
Парзашна жоп хирий техьа?..
О́рамаш дахьоле херонан хьуно,
Ве́рзахьа сихонца цӏе́хьа.