Цхьа ши доттагӏ Хилла ве́хаш-ӏаш.
Дуккха а за́ма яьлла, царшимма вовшашца аренан гергарло лелош. Цул тӏаьхьа Мовсаррий, Мохьмаддий воккха хилла, тӏаккха а вовшашна тӏе а воьдуш, гергарло даггара тӏе а эцна, лелош Хилла цара.
Цхьана дийнахь, Мовсар бежера цӏа а веъна, хьалххе охьавижина хилла.
Набарна кӏоргге Мовсар ваханчу хенахь, гӏан-набарш тесна Мовсарна дуьхьал, кхаа беттан некъан генарчу эла Мусин йоӏа Жовхӏара шена хан юьллуш. Сахуьлу седарчий уьдучу хенахь, буьйсанах кхо дакъа дӏадаьллачу хенахь, син метта топ кхетта дера экха санна, вахана хьалаиккхина миска Мовсар.
— Эхӏ! Хӏара суна гинарг гӏан делахь а, цхьа хӏума долуш-м ду, амма, я со вала веза, я аса и Жовхӏар йоьзткъе уьссалгӏачу буса сайна яло еза, — боху ойла кийрахь а сецош, цуьнца цхьаьна, шен хьоме доттагӏ Мохьмад дага а лоыгуш, хӏара ӏаш, кхуьнан гӏайгӏа юй хуучу нанас Мовсаре аьлла:
— Тахана со гӏур ю беже, ахьа садаӏа мегар ду.
Мовсаррий, Мохьмаддий вовшашна ца гуш, де-буьйса дала йиш йоцуш ши доттагӏ хилла.
Нагахь царшинна ца гуш, де-буьйса даьлча, вовшашна дуьхьал я вехачу хӏусаме воьдуш а хилла и шиъ.
Мохьмад вогӏу, аьлла, бераш уьйтӏа даьхкича, Мовсар цунна дуьхьал воьдущ а, иштта Мохьмад Мовсарна дуьхьал вогӏуш а хилла. Оцу Мовсарна гӏан-набарш яйначу буса, Мохьмад, Мовсар варе а хьежна, иза ван хьевелча, шен говра тӏе нуьйр а тиллина, Мовсар, хӏунда висина, хьажа воьдуш хилла. Берашна а воьвзаш хилла Мохьмад. Иза вогӏуш эвла чу воьлчахьана, бераш Мовсаре кхаъ баккха доьвдда. Даьхкина бераш корехула дистхилла:
— Мохьмад вогӏу! — аьлла.
Ойла еш ӏаш волу Мовсар вист а ца хилла. Ша-шега, иза-м ша чувогӏур вара, аьлла, са паргӏат а даьлла, ӏадӏийна, хӏунда аьлча, Мохьмад шена тӏе кхаьчна хазахетарна. Ткъа веана Мохьмад уьйтӏа схьакхаьчна:
— Ассалам ӏалейкум, сан хьоме доттагӏ Мовсар! Хӏунда висира-те хьо сийсара, со волчу ца вогӏуш? Хӏума-м ца хилла хьуна?
— Ва ӏалейкум салом, хьо марша вогӏийла, сан хьоме Мохьмад, — аьлла, говрара а воссийна, иза чувигира Мовсара.
— Кӏеззиг кхача а биъна, ваха дезаш меттиг яра вайшиннан, — аьлла Мовсара, шаьшшиъ хӏума йиина ваьлча. Хӏан, хӏинца нуьйр тилла говрана, вайшиъ воьду.