Иза декъалвеш, и денош даздира Нохчийчохь, сагӏанаш дохуш, мовладаш доьшуш, ловзарш деш меттигаш а хилира. Амма цхьа шо а далале цунна дуьхьал митингаш йолийра Соьлжа-Гӏалахь. Эххар а иза а, Лакхара Совета, правительство а дӏасалаьллира.
Тамашийна амал ю нохчийн. Кхечу къаьмнех болчу куьйгалхошна цкъа а арз ца яздора нохчаша лахахь а, лакхахь а, амма оццу даржашка нохчо хӏоттийча, цунна аьрзнаш яздора Моск-варчу массо а инстанцешка. Цхьабакъду, цхьаболчу нохчашна шаьш дарже нисбелча, иза лардан ца хаьара. Курабовлу, харцо-нащ, хьарамлонаш лелайо, озабезамаш бо, нехан а, шайн къоман а бала ца хуьлу. Иза а ду-кх вай кхетамна тӏаьхьадисар.
Массо а къомо шена гӏуллакхаш дина гӏарабевлла дуьненара дӏабахана шайн турпалхой, ӏилманчаш, яздархой, кхиберш ле-раме дагахь латтабо. Масала, Дегӏастанахь церан хӏолламаш, музейш, урамийн цӏераш ю уьш бинчу ярташкахь а, Махачкалахь. Нохчийчохь яц. Харачойн Зеламханан ю бохуш скульптуран памятник яра Сиржа-Эвла уллохь, Ведана боьдучу некъа йис техь. Цунна гонахара керт йохийна, говран а, Зеламханан суртана а тӏе нийсалла тоьпаш йиттина, меженаш йохийна. Асланбе Шериповн цӏарахчу тхан колхозан конторан кертахь дик бина хӏоллам бара цуьнан. Иза а бохийна дӏабаьккхина. Цхьа на Мамакаев ӏаьрбин музей ю Лаха-Неврехь, цуьнан кӏанта Эдуарда вовшахтоьхна, ларъеш.
Нохчийн къам кхетамца тӏаьхьадисаран кхин а цхьа билга ло ю иза а.
Цкъацкъа вешан кхетамца берийн амалшка доьрзу вай. Ваьшна цхьаммо, къаьсттина кхечу къомах волчу стага, я цхьа на тобано хаза хабар дийцича, царех атта теша, ӏехало. Хьекъал нах цкъа а сийлахь ца хилла вайн къоман. Майра стаг, иза зу ламхо велахь а, цунах бӏаьрг бузу. Хьекъале ву аьлча, нохчочун на хӏумма а тамашийна ца хета, амма ша майра ву аьлча, и шен майралла гайта гӏерташ, ши бӏаьрг хьаббой, цӏерга гӏерта.
Оьрсаша, европейцаша а хьалха заманахь нохчех лаьцна оьр сийн маттахь яздина зорба тоьхнарш, дерриг бохург санна, дешн ас. Цара массара нохчий майра, доьналле, говза тӏемалой бу аьл-ла, амма цхьаммо а уьш хьекъале бу аьлла яздина ца гина суна.
Вайн къам даима атта ӏехалуш хиларан исторера цхьа ма-сех масал даладо ас.