Цхьана дийнахь и милици хьаькам шен отрядаца Бенара охьабогӏуш хьуьна юккъех некъахь дуьхьал а ваьлла, мохь тоьхна цо: «Мартагов, ас автома еъна хьуна, дӏаэца хьайна!». Хьаькам вийна къайлаваьлла стаг дукха хан ялале милицис вийра.
Оцу шина масалца хӏетахьлерчу нохчийн дахаран ши агӏ го. Аьрта, къиза куьйгалхой, цара хьийзо миска халкъ.
Нохчийн халкъ махках даьккхинчул тӏаьхьа цунна тӏехь дуккха а харц эладитанаш кхоьллира ӏедало. Тӏом болчу хе-нахь Нохчийчохь масех бӏе «бандформированеш» яра, бахархош-кара масех эзар герз схьадаьккхинера, бандиташа советски ӏедална тешаме, цӏена а болу куьйгалхой, коммунисташ а бойура, бохуш. Оцу эладитанийн бух муха кхоллабеллера гойту лакхахь далийнчу шина масало.
Германица тӏом болчу хенахь Нохчийчохь бандитизм хил ла бохуш официале яздинарш бакъ дац баьхначийх уггар хьал-ха дош аьллачех цхьаъ вара со. Нохчийчохь бандиташ бара хӏетахь, амма, ӏедало официале ма-кхайккхора, боккхачу бара-мехь бацара. Ӏедало бандиташ, ткъа вай обаргаш олу нах шина тайпана бара.
Тӏеман хьалхарчу шерашкахь сан 12-13 шо дара, цундела сан дагахь лаьтта хӏетахь сайна гинарш а, дуьйцу хезнарш а. Лакхахь ас бийцинарш санна, ӏедалан куьйгалхойн харцонаш ца лалуш, цаьрга шаьш ца дайийта, бехк-гуьнахь доцуш Сибрех ца даха шайн синош довдийна а, ишттачу куьйгалхойх бекхам эца ӏалашо лаьцна а хьаннашкахь, лаьмнашкахь къайлабевлла лелаш дуккха а нах бара хӏетахь. Уьш бахархошна а, пачхьал кхана, юкъараллин долаллина а зене-зуламе нах бацара.
Кхин тайпа нах бара «обаргаш» ду шаьш бохуш, талораш деш лелаш. Бахархошна, пачхьалкхана зулам дина таӏзарх бевдда я фронте ца баха бевдда лелаш. Цара колхозийн бахамаш, некъахой талабора, дӏасабоьлхучу зударшна ницкъ бора. Тхан агӏор церан тергамна кӏел бара Дегӏастанарчу Мини-Тогӏина а, тхан районерчу Гӏалийтӏана а юккъера Беха-Боьра олучу метти-гехула чекхболу некъ. Хасин-Юьртарчу базарара цӏа богӏу божа-рий, зударий а цигахь сецош, зударийн дегӏах, месаш юккъе а хьуьйсуш, эцна йохьург а, ахча а дӏа доккхий, цӏа хьовсабора.
Шаьш талийна стаг а, зуда а шайн «белхан хан» чекхъял-лалц цигара дӏа ца хоьцура талорхоша. Дӏахецча, цара ӏедале орца аьлла, милици ярна кхоьруш.