Ткъа вай дозаллаш дора, ваьш герз схьадаьккхина, Россин эскарш Нохчийчуьра дӏалаьхкина, бохуш. Вай цаьргара герз схьа ца даьккхинера, цара шайн лаамехь кху-захь дитинера иза. Россин ӏедална массо а заманахь вайна ваьш-начул дика евза вайн амалш. Царна хаьара вай герзана сутара дуйла а, и герз лело вайна хаьийла а, оцу герзо вайна юкъахь зуламаш даржор дуйла а, вовшашна юкъара барт бохор буйла а, цатешам, мостагӏаллаш кхуллур дуйла а.
Россин ӏалашо кхочушхилла. Базаршкахь автомашинийн, мотоциклийн меженаш санна, маьршша духкуш ду герз. Коча автоматаш, гранатометаш оьхкина, доьхкарех тапчанаш, грана-таш йоьхкина, дийнахь а, буса а, мичча хенахь а, уьш кхуьссуш, беш болх боцуш буьйлабелла лела вайн кегийрхой. Префектана тӏера хьала пачхьалкхан массо а куьйгалхо ларвеш герзах боьт-тина гӏаролаш бу. Уллохь гӏарол воцчу куьйгалхочунна ша хьаь-кам а ца хета. Гварди, милици, ОМОН, ДОН, кхин дуккха а, цӏераш йолуш а йоцуш а, тӏеман формированеш ю. Еккъа цхьана мили-цин барам, хьалха республикехь хиллачу милицин барамал дук-кха а алсам бу. Ткъа зуламаш, де-дийне мел дели алсамдийлар бен, лагӏлуш дац.
Нахана герз лело бакъо яларца доккха гӏалат далийтира рес-публикан ӏедало. Нахана герз лело бакъо елла пачхьалкхаш дук-кха а ю дуьненахь. Амма цигахь герз базаршкахь, вовшашлахь духкуш а, оьцуш а дац. Цигахь герз леррина бакъо еллачу туь-канашкахь духку. Герз оьцучу стеган фамили, цӏе, хӏун болх беш ву, хӏун лелош ву, цуьнан веха меттиг, адрес, герзан марка, номер дӏаязйо, ткъа хьокъалла йолчу пачхьалкхан органаша оцу герзан регистраци а еш, иза лело цунна бакъо ло. Амма бакъо ца ло и герз коча а оьллина, гӏуллакх долуш-доцуш кхуьссуш, ': нахана кхерамаш туьйсуш, зуламаш деш лело.