Нохчийн халкъ мах-(сах даьккхинчуьра цӏадирзича, тӏаьхьа догӏучу ткъе итт шарахь цуьненан ӏилма ӏаморехь мелла а хьалхахьа яккхий гӏулчаш Ьхира вай, ткъа хӏокху тӏаьххьарчу шерашкахь юханехьа гӏулчаш ӏохуш ду. Дукхахйолу школаш болх беш яц, ткъа йисинчара юлх ца бо ца алийта цхьа бахьанаш леладо. Цхьа а тайпа шеКо яц, тахана школашкахь доьшуш хила дезаран, амма дешарх юкъах-цаьхна лела и итт эзарнаш бераш шайн дай, дедай санна, кхе-Гамна тӏаьхьадисина кхуьург хиларан. Тӏаккха уьш а, цхьаяа питанечу, ямартчу наха, церан дай санна, цӏерга, бердах чутуьй-гур бу.
Оцу хьелашкахь, нохчийн къам цкъа а боданера серлонГа ма далахьара, кхетаме ма дагӏахьара аьлла ӏалашо йолуш санна, хӏинца вайна юкъахь лелаш йолу йоза-дешаран графика дӏа а яьккхина, латиница графика тӏедовлар тӏедожош, 1992-чу шеран 8-чу мартехь №105 йолуш сацам тӏеэцна вайн парламенто. Берриге а меттан ӏилманчаш а, кхоллараллин белхалой а, хьехархой а, нох-чийн мотт безаш а, нохчийн къоман кханенан ойла еш болу нах сацам боллуш дуьхьал бу графика хийцарна. Цунах лаьцна шайна хетарг зорбанехь а аьлла цара, президенте а, парламенте а яздина. Амма президента а, парламенто ла ца дуьйгӏира оцу нахе.
Латиница тӏе довларехьа волчу шина-кхаа ӏилманчаша дало бахьанаш цхьа а тайпа бух боцуш а, кхин хилча ца маггал аьрта а ду. 1938 шо кхаччалц СССР чохь дехачу дуккха а къаьмнийн йоза-дешар латиницан графикаца дара. Оьрсийн, украинцийн, беларусийн, кхин масех къоман — кириллицан графикаца. Гуьр-жийн, эрмалойн а эзар шерашкара схьайогӏуш шайн графика ю. Цхьана пачхьалкхехь дехачу къаьмнийн йоза-дешар кхаа гра-фикехь хиларо халонаш хӏиттайора церан мотт, ӏилма, культура кхио а, вовшашна юкъарчу уьйрашна а. Цундела, коьрта дол-чунна и халонаш дӏаяха ӏалашо йолуш, дерриг а къаьмнийн йоза-дешар кириллица тӏедаьккхира ӏедало. Оцу ӏалашонца цхьаьна генна йоьдуш политически, идеологически ӏалашо а яра цуь-нан: и къаьмнаш русифицировать дан.